шен са дадо дийзира.
Тоьпашца салтий а, тарраш буйнахь гӏашбевлла гӏалгӏазкхий а, ламанхой а, зингатий санна, хьалатийсалора вала тӏе. Накъостех масех стаг воьжча, дуьхьалойар эрна хетта, йухадовла сацам бира Акхтас.
– Чевнаш хилларш схьа а эций, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Янаркъа, валах цӏе таса! Сихойелахь.
Дехьо хьалххе дуьйна кийчча лаьтта йалх кӏудал мехкадаьтта хьалхарчу дукъошна тӏехьа йоьттинчу жӏолмашна тӏеӏанийра Янаркъас. Йукъ-йукъа хаьштиг ӏуьттуш, цӏераш летош, тӏаьхьавоьдура Михаил. Догӏано тӏехула тӏадайар бен, вуьшта, йакъайелла, къерсигйевллачу жӏолмех, саьмгалх санна, цӏе летира. Чевнаш хилларш эцна йухабевлла накъостий къайлабовллац, мостагӏ сецош, дуьхьало еш хилла Акхта а, Янаркъа а, Юсуп а, марсайаьллачу цӏарна йуккъехула маж-мекх морцуш схьаиккхина, йуьйцинчу, лекхачу кертах дехьа а ваьлла, луьстачу стоьмийн бешахь къайлавелира.
Уггар хьалха чулилхинчу таманцийн, куринцийн пхеа ротано цӏанйира йурт. Иччархойн хӏоьънаший, цхьамзанаший эгабора йуьртах арабовла ца кхиъна нах. ТІом сецча, йуьрта веанчу Абросимовна хьалха ирча сурт хӏоьттира. Йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша дохийна некъаш, цӏенош, кегдина, хӏетта заза доьжна, тӏе стоьмаш летийна дитташ. Маьӏ-маьӏӏехь, куьйгаш а, когаш а дӏасатийсина, аркъал, бертал а, хебна а Іохку божарийн, кхиазхойн декъий а. Цхьатерра дага дуьйлира цӏенош, Іаьнах девллачу докъарийн холанаш.
Готтачу урамо голатухучохь, гранато даьккхинчу урана йисттехь, кхиазхочун а, тамашийна хьажар долчу воккхачу стеган а декъий ӏохкура, тӏамарш йаржийна. Кӏентан карахь йуткъа, шера стовн гӏаж йара, ткъа стеган мара къевлина – дечиг-пондар. Тӏе а вахана, бӏаьрг ма-туьйххи хиира Абросимовна пондар марахь берг – бӏаьрзе илланча, ткъа важа кӏант – иза дӏасалелориг вуйла.
Циггахь хаьддера жимачу Марванан а, бӏаьрзечу Хьамзатан а маршонехьа къийсам.
Йурт йагайоьлча, штаб-квартире йухайирзира отряд.
Командующи резавацара операцин жамІашна. Суьйранна Кешанехь отрядийн начальникаш а гулбина, Батьяновна тӏера дӏаволавелла, массарна а барт биттира цо.
– Со кхеташ вац ахь лелочух, полковник, – Батьяновна