хьан локхалла, уьш ца кхалхорах галдала хӏума а дац пачхьалкхан. Амма, кхалхийча, галдала ду. Іедалан къизалло сий дожадо муьлххачу а пачхьалкхан.
Перлика гӏо даьккхира Меликовгахьа.
– Бехк ма биллалахь, господин полковник, хӏоьттинчу хьоле хьо тӏехула хьоьжуш санна хета суна, – элира цо, курра Самойловга а хьаьжна. – Мятежникех къинхетам бича пачхьалкхана зулам долуш хилча, вай тӏехьататта йеза вешан гуманни ойланаш. Мятежни йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, махкахйахаро гуттаренна а, орамашца а дӏадоккхур ду кхузара зуламе ун.
Самойлов доза доцчу цабезамца дӏахьаьжира Перлике. Цуьнга ала-м дуккха а дара Самойловн, амма ала йиш йацара.
Дуккха а къийсинчул тӏаьхьа барт хилира церан: гӏовттамхойх уггар бехкениш шайн доьзалшца йуккъерчу губернешка, ткъа бисинарш аренгарчу нохчийн йарташка охьакхалхо.
Шолгӏачу дийнахь йеа агӏонгахьара цхьатерра тӏелатар долийра Салатавина.
Билгалбинчу некъаца, Саласун аьрру агӏонца, Буртӏанай хьалайолайелира Батьяновн отряд. Колоннин коьртехь сирачу динахь, хаьнтӏахь безчу механ тур а долуш воьдура командующи. Цуьнан дезачу дегӏана кӏел синтем байна хьалха дӏагӏерта дика йустийна говр. Наггахь оьгӏазе урх а узуш, ойланаша дӏалаьцна вогӏучу цунна тӏекхиъна богӏура отрядан командир Батьянов, Хаси-Юьртан округан начальник подполковник Шетихин, Салатавин участкан пурстоп Дацаев Шайх-Махьма.
Акхташ-Эвла кхачале хьалхахь ламанхойн йоккха тоба гучуйаьлча, Шайх-Махьмин йеакІов чӏениг, хорша хьаьдча санна, йего йолийра. Хьалха богӏучу нехан кортош тӏехула лаккха айъина йохьуш кхоъ байракх гора.
– Уьш хӏун адамаш ду, Шайх-Махьма? – гӏенах санна, хезира цунна командующин буьрса аз.
Шен йерриг майралла а гулйина, шед тоьхна, говр хьалха дӏахийцира Шайх-Махьмас. Командующин буьйраца сецца отряд сихха бӏаьхаллин низаме хӏоьттира. Йадийна хьалха йалийна йиъ йоккха топ дехьо лаьттачу гу тӏе а хІоттийна, сихха чаччамех а йуьзна, кечйира. Йаьржина чухахкайала кечйелира гӏалгӏазкхийн сотня а. Амма тобанна тӏекхаьчначу Шайх-Махьмас, цхьа масех минотехь нахе вист а хилла, говр йуханехьа хийцира.
– Хьан локхалла, хьан локхалла! –