коьртакомандующис. Оцу тӏе, Гӏебартарчу хьалдолчу нахах сихха цхьа полк вовшахтохар а, иза фронте хьажор а доьхура цо.
Оцу йуккъехула Меликовгара хаам кхечира, Нохчийчоьнан къилбан дозанца йолу Дегӏастанхойн йарташ гӏевттина, Нохчмахкахь а, Органан округехь а йолу йерриг а дегӏастанан отрядаш ша дӏайуьгу аьлла. Хӏинца ӏаьлбаг лацар Нохчмахкан отрядна тӏехь дуьсура.
Салатавехь эшам хиллачу суьйранна пхьуьйрал тӏаьхьа Алмакхера охьа, говрийн урхаш лаьцна, ламанан тархашца хьийзачу гӏашлойн готтачу новкъа чувогӏура ши бӏе гергга стаг.
Лаха чохь а, дехьа регӏаца а йукъ-йукъа гучу гӏийлачу серлонаша, мисарболато аьчкан хӏума санна, шайна тӏеийзабора царах цхьаберш. Хӏораммо а тийна ойла йо шаьш цӏахь битинчу доьзалийн. Амма, хаац, уьш цӏахь бу йа генна йарташкахь гергарниш, доттагӏий болчохь левчкъина Іа. Шаьш зударий, бераш маца хьоьстур, къеначу дай-нанойн бӏаьрг маца белор а ца хаьа. Ган доьгӏний а хаац. Тховса санна, буьйсанан къайлехь лечкъаш, цара идо хӏара хала некъаш кхана хеда а тарло, хӏорш тӏамехь байъина йа, лецна, тангӏалкхаш тӏе хьалаоьхкина. Къаьсттина боккха бала бу цаьрца вогӏучу бӏе сов суьйличун кийрахь. Царах дукхахболчийн доьзалш кхалхийна дӏабуьгур бу Іедало. Сибрех ца хьовсабахь а, арен тӏе дІасабаржор бу. Вуьшта а къен, миска и зударий а, бераш а лелар ду кӏелхӏитта тхов боцуш. Нохчаша дола-м дийр ду церан, амма наха къа а хетта лучух хене муха бевр бу-те уьш?
И дерриг хуъушехь, ӏаьлбагна тӏаьхьа богӏу салатавхой. Шаьш цунна делла дош кхочушдан. Инарло Свистуновс шайн йарташна тӏехь хӏоттийначу къизаллех бекхам эца. Шайн догӏмаш чуьра синош дӏадовллалц, маршонехьа къийса.
Генна лаха чохь тархашна тӏера чуӏенаш хеза, лакхахь бухдуьйлуш, охьадогӏу Яркхсун хьоста. Цхьакӏеззиг ког галбалахь, даха дог дац говре а, беречуьнга а. Нийсса охьа чу лекха берд бу, тӏулгийн ира кӏомсарш ара а кхийдина, лаьтташ. И хууш, ларлуш йогӏу говраш. Некъ чунехьа болчохь кӏегархуьйшу уьш. Цхьаццанхьа бергаш шершича, тӏулгаш тӏехь суйнаш туьйсу ленаша. Лахо бевлча, варш йолало, тӏаккха жимма дӏабахча, когаш кӏел латта а хаало. Паргӏато садоӏу адамаша а, говраша а.