Хӏорш лекхачу гу тӏе хьалабевлча, Іаларой-Эвлан цхьа йист гучуйелира.
– И дӏогахь, шина хин шалгонна йуккъехь, ша лаьтта цӏа гой хьуна? – хьалхахьа пӏелг хьажийра Къайсара. – Оцу кертахь вехаш ву Берсин ненан ваша.
Хӏорш цӏенна гергагӏоьртича, говран болар лагӏдира Къайсара.
– Болат, хьо ха деш кхузахь саца.
– Стенна оьшу и само? – хаьттира Іаьлбага.
– Кхийринчун нана йилхина йац, боху, – доцца жоп делира доттагІчо…
Йиллинчу хенал тӏех сахьт сов хан йаьллера. Амма Берсин са ца гатлора. Цуьнан цомгашчу дегӏана боккха там бинера кху регӏарчу сийначу ӏаламо, цӏеначу хӏоно. Ца хаалора диллина цунна хуьлуш долчу, маха ӏуьттуш санна, деган къийзор, левсих тера «хьаз-хьиз» ден пехаш а жимма лар тӏе даьхкинера.
Шийтта шо хьалха керлачу гӏаттамна кечамбечу нохчийн тхьамданаша, цигара мелла а шайна гӏо хиларе догдохуш, йа шайн гӏаттам цигарчу хьелашца нисбан дагахь, Россин чоьхьарчу губернешка хьажийра Берса. Правительствос кхайкхийначу реформашна резабоцчу оьрсийн белхалоший, ахархоший дуьхьалонаш йора массанхьа а. Керлачу тӏегӏан тӏе баьллера революционни болам а. Революционно-демократически организацешна таӏзарш дан долийначу муьрехь цига нисвелла Берса, лаьцна, каторге вахийтина, цигахь хан а текхна, дӏайаханчу гурахь цӏа вирзинера. Хан чекхйаьлча, хӏара цамгаро кӏелвитинийла хиъначу дас Рохьмада, тӏаьхьа а вахана, цӏа валийра.
Дас хӀокху агӏор болу тоьлла лоьраш а балийра цунна дарбанаш лело. Пятигорске дарбане хиш тӏе вига а гӏиртира. Амма Берса реза ца хилира цигахула лела. Ца тешара цигахь ша толург хиларх, цунна йевзара шен цамгар. Дукха хан йалале, цӏеххьана цамгар а кхетта, кхелхира Рохьмад а.
Йуьртана йуьстаха, хьуьна чохь ша лаьттачу хӏокху кертахь сагатлора Берсин. ТІевогӏуш стаг наггахь бен вацара, бӏаьсте йаьлчахьана цӏахь ца соцура ненан ваша а. Виллина дӏа кха тӏехь, хьуьнхахь, дохнанна тӏаьхьаваьлла лелара изий, цуьнан ши кӏанттий.
Арахь малх болуш, довха де деъча, къаьсттина сагатлора Берсин. Дегӏ жимма аьлларг деш хилча, Мичкан йистехь маьлхан басах лаьттачу хӏокху бурсанечу кхура кӏел хуий ӏара иза де шелдала доллалц. Чекхбевллера Берсин шира