…Массанхьа – татанаш, хӏоьънийн шакарш;
Йаккхийчу тоьпийн гӏугӏ хеза;
Лаьмнашкахь, хьаннашкахь, тогӏехь
Ӏожалла, къизалла хьийза…
М. Ю. Лермонтов. «Чергазий»
Карзахе йара тховса Сесана. Йуьртан гонаха а, Яьссин аьтту бердашца а цӏераш йогура маьӏ-маьӏӏехь. Царна гонаха гора хевшиний, хӏиттиний, буьйлабеллий лелачу салтийн гӏаларташ. Хезара церан забарш а, беларш а.
Йуьртара бахархой чутийнера, амма сема бара. Стогарш дайъина, тӏера бедарш а, когара мачаш а дӏа ца йохуш, бодашкахь хевшиний, дӏатевжиний ӏара уьш.
Ткъа йуьртден Букалин цӏеношкахь хьешан цӏийнан шина а корехь йогуш гӏийла серло гора. Оцу чохь, жимачу походни стоьла гонаха, лохачу гӏанташ тӏе хевшина а, ирахь а бара лакхара эпсарш.
Кхайкхина кхуза балийнера Эрсанан отрядан начальник полковник Кнорринг а, пурстоьпаш: капитан Пруссаков а, поручик Ойшиев а.
Тӏе шиша диллина мехкадаьттанан чиркх, милт чоьзча, гӏийла богура, ткъа хьалайаьккхича, кӏур тийса хӏуттура. Вуьшта а кӏуьран дохк хӏоттийнера эпсарша уьйзучу цигаьркаша а.
Стоьла тӏе Нохчмехкан карта а даржийна, каралаьцна къолам цунна тӏехула дӏаса а хьоькхуш, къамел деш лаьттара полковник Батьянов.
– Кхузахь хӏоьттина хьал цхьаболчарна кхераме хетаделла, – бохура цо. – Ас минотана а ца дицдо мятежникаш чІагӏбелла Коьжалкан-Дукъ аттачех бӏар цахилар. Хӏаъа, господа, оцу тӏехь хилла графна Воронцовн отрядан трагеди. Амма аш а ма дицде хӏетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а, мацах цкъа хилларг а туьйра а хилла чекхдалар. Хӏетахь вайн эскарш кху мехкан дагна йуккъе коьртехь тӏеман говза начальникаш болчу, тӏеман цӏергахь дахчаделлачу нохчийн эскаршна йуккъе нисделлера. Ткъа хӏинца вайна дуьхьаллаьттарг, тӏех велахь, кхо бӏе стаг ву, уьш а дукхахберш – молханан кӏуьрах хьожа а кхетаза кегийрхой. Нагахь шовзткъалгӏачу шерашкахь кху агӏор вайн цхьа а салтий ца хиллехь, хӏинца йерриг Нохчийчоь вайн тӏеман чӏагӏонийн морзахашна йуккъехь йу. Амма иза данне а дац, кхана вай йоккха топ ма-кхоьссинехь, уьш бевдда баьржар бу бохург. Мятежникийн баьчча, ша къона велахь а, хӏиллане, майра стаг ву. Амма вайн декхар ду, лам дӏалаьцна ца ӏаш, цхьа а мятежник кӏелхьара цавалийтар.