шайн «эпсар».
– Сацайехьа и хьайн чӏинкъ! – куьг ластийра, гӏуркх санна, веха векъаначу Чӏонакъас. – Тхаьш дан декхар дерг дина оха. Ахь дуьйла аьлча, схьа а даьхкина тхо, хьо леттехь, летар а дара. Хьо ӏадда а ӏаш, оха хьалха тухур йу моьттура хьуна? Оццул Іовдал а дац тхо!
– Баккъал, царах стаг вийна, даха меттиг ма бац вайн, – йукъавуьйлира дегӏана хьийкъина тӏингар-гай йолу Саьӏад. Тӏаккха горгачу йуьхьа тӏера хьорматах тера шен мара а хьакхийна, тӏетуьйхира цо: – Церан тӏаьхьенаша а йаха йуьтур ма йац вайн тӏаьхье.
– Пурстоьпе хӏунда ца олура аш иштта? – чукхийсалора Асхьад. – Шун шалха цІоганаш ца оьшу суна. Цхьаъ – ӏедална хьалха, важа – нахана хьалха лестош. Ас иштта дӏаэр ду-кх Іедале. Тӏаккха шайна хиндерг хаьа-кх шуна! Пашбукъаш!
– Хьо дукха тӏехвала воллу, Асхьад, – гома схьахьаьжира Инарла. – Тхан цхьа а вац ӏаьлбагна тӏаьхьа. Хьайн ваша бахьана долуш, ӏедална хьесталуш, чуьраваьлла хьийза хьо. Ваха а гӏой, хьайн ала дерг дӏаала ӏедале. Оха хьо вийр ву-кх бехке.
– Дика ду, – гома хьаьжира цаьрга Асхьад. – Вовшийн мотт бер вай. Баьхкинчу салташа шайн цӏенош дагош хьовсур шу. Шу ӏедална муьтӏахь ду моьттуш, дитина уьш хӏинццалц.
Хӏорш, девнаш деш, геннабевлча, дуьхьалкхийтира чехкка болар эцна хьацаран кӏур хилла вогӏу Хортӏа.
– Дӏабиги цара уьш? – хаьттира цо, тӏе ма-кхеччи.
– Биги, дера-кх, – бур-бур дира Асхьада. – Ахь хӏун до?
– Шу дӏадуьйлалол, Чӏонакъа, – элира Хортӏас севцна лаьттачу милцошка.
Шен деза дегӏ дадийна веана Хортӏа хьуьхьвоьллера. Йерстинчу йуьхьах а, вортанах а доккха цӏен йовлакх а хьаькхна, деттало дог жимма меттадеъча, важа кхоъ генаваьллий хьаьжна, кӏентан лере таьӏира иза.
– Овхьад цӏа веана, – элира цо шабарца.
Асхьадан йуьхьах цӏе летира.
– Мичахь ву иза?
– Кешнашка ваха.
– ЦІа веанера иза?
– Хӏан-хӏа, урамехь дуьхь-дуьхьал нисвелира тхойша.
Асхьад хаттаре дега хьаьжира.
– Хьайна хуур хьуна дан дезарг…, – шен кегий цӏен мукадехкан бӏаьргаш кӏантана тӏебуьйгӀира цо. – Амма, цхьанне а ца тосадолуьйтуш.
Асхьада жоп ца делира. Амма цо хьакхийначу цергаша шера гойтура цо йина кхел.
Моггӏара даьккхинчу деа коша роггӏана чу декъий кхийдош, тийна лаьттара нах. Корта хьалха а