кӏело хилла-кх иза.
– Мила хилла-те, хила мукъане а?
Хӏара шиъ къамел деш воллуш, хьуьна чухула ведда хьала а ваьлла, готтачу гӏашлойн новкъахь диттах тесна лаьтта шен говр схьа а йаьстина, кхоссавелла нуьйра а ваьлла, хӏинца а молханан кӏуьран хьожа йогӏу топ хьалха а лаьцна, йуькъачу хьуьн чохь къайлавелира Асхьад.
«Ца кхийти-кх цаьршинна! – цергаш хьекхайора цо. – Мел дика аьтто нисбеллера! Ший а вен. Йуха нислой а хаац иштта меттиг. Амма ас, мацца дина а, хьукма дийр ду шуна тӏехь…»