Цкъацкъа аз оьгӏазе айлуш, тӏаккха бархатах кӏадлуш, йуха шабаре долуш, ӏаьлбаган багах схьа мел долу дош, тӏулг санна чӏогӏа Іуммин дог огуш, схьадетталора. Ши бӏаьрг хьаббина, ладоьгӏучу ӏуммин бесни тӏера беха мо цкъацкъа кӏайлора, тӏаккха цӏийлора. Хала дара садетта. Амма ӏаьлбаг бакъ лоьра.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа, ас доцца жоп лур ду хьуна, – элира цо, майрра ӏаьлбаге а хьаьжна. – Мацах цкъа, хьо дуьнен чу вала дагахь а воцчу хенахь, ахь ма-аллара, сайн дог халкъана дӏаделла ас. Иза цуьнгара доккхур дац ӏожалло бен. Вайн халкъан цхьаболу тхьамданаш догдиллина йа кхерабелла севцча а, Бойсагӏарца, Атабица, Солтмурдца халкъана коьрте хӏоьттира со. Кхеравелла а вац, къонахаллех воьхна а вац, ткъа йамартло бохург хьехочохь а дац. Вайн халкъана маршо хир йуйла хиъча, сайн доьзалца сийначу цӏарах вогур вара со. Амма, хьайн жималле терра, ахь гӏаттам хьалхе болийна, цо галдаьккхина дерриг.
Ӏаьлбаган бӏаьргаш ткъесах къегира.
– И хӏун ду ахь дуьйцург, ва Іумма-Хьаьжа? Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тӏом хилча, гӏаттам боло шу кечделла ӏен дейтта шо ма ду!
– Бакъду иза. Амма хьоьга са ца тохадели и де тӏекхаччалц.
– Со вац сихвелларг, ӏумма-Хьаьжа. Халкъ ду собар кхачийнарг. Тоьур дацара ткъа йалхитта шарахь садиттича? Паччахьан арахьара а, чоьхьара а гӏуллакхаш дика дац аьлла хезча, делхьа, хӏокху йуккъехула гӏевттича, мелла а аьтто хир бацара-те аьлла, долийра-кх ас. Ас аьлча а, берриг тхьамданийн барто. Цхьадика, оццу йуккъехь туркошца тӏом а болабели. Вай сатийсинарг хилла. Хӏинца а стенга ладоьгӏу ахь?
– Вайн тхьамданийн барт-м бара иштта, амма Дегӏастанара вайн бартахой Уьстамала хьуьйсура. ГІеза-Махьмин хааме.
– Ткъа хьо?
– Со а. Лелочу гӏуллакхан цхьа лар хила ма йеза. ГІеза-Махьмас цаьрга ма-аьллера, гӏовтта дезачу хенахь ша хаам бийр бу.
– Иза маца хир ду?
– Кестта.
Ӏаьлбага, ши бӏаьрг хьаббина, корта хьовзийра.
– Хӏета, ахь дийцарехь, вай туркойн гӏуллакхна цӏий ӏано дезаш хилла-кх?
– Хӏунда? Оцу девнах пайдаэца гӏерташ дац вай?
– Дийца-м иштта дийцинера. Амма, шу Гӏеза-Махьмин бага хьуьйсуш ӏашшехь, Нохчмахка-м йу сийначу цӏарах йогуш. Хӏан-хӏа, ӏумма-Хьаьжа,