Хаалаш, ас хуьйцур йоцийла
Сайн гӏайгӏанаш, сайн миска къоьлла
Шуьгарчу гӏарбашийн хьаькамаллех.
Эсхил
Йерриг Нохчмахка а, Шуьйтара дӏа Органан лакхе а дӏалаьцнера гӏаттамо. Хьалха санна, гӏовттамхошкахьа йара Аьккха, Салатави, цхьамогІа ӏаьндойн йарташ. Ӏаьлбаган цхьа гӏоьнча, цІонтаройн Сулиман, шен бӏоца аренга ваьлла, Іумхан-Юьртана герга а веана, пачхьалкхан говраш а, Майртуьпарий, Курчалой-Эвларий хьоладайн жаш а лаьхкина, Нохчмахка йухавирзира. Изза дира Мичка чу воьссинчу Іаьлбага а.
Йаьржина летачу гӏовттамхойн отрядех цхьа буй бан гӏертара ӏаьлбаг. Паччахьан эскаран командованина нуьцкъала дуьхьалонча хилла дӏахӏоьттира ӏумма а. Хӏинца цо кхиамца къийсам латтабора Чӏебарлахь. ТІехула тийна а йолуш, бухахь цӏе сийсара Йоккхачу Нохчийчоьнан йарташкахь а. Цара дуьхьало ца йира цигахьа ваьллачу Сулиманна а, имамна а.
Ӏаьлбаг аренга волуш, цуьнца кхузткъа стаг а вацара, ткъа йуханехьа лам чу воьрзуш уьш ши бӏе гергга хилира.
Гӏаттаман уггар кхераме кхерч Даьргӏан участок лоручу Свистуновс сацамбира, ницкъ гулбан гӏерташ, ӏаьлбаг жимачу тобанца ваьлла леллашехь, цига тӏеман дакъош а оьзна, доккха цхьа тохардарца гӏаттамца дерг чекхдаккха. Амма, эскарш Нохчмахка хьовзадале, цкъа хьалха букъа тӏехьа йуьсу аре чӏагӏйан йезара. Оцу ӏалашонца Мичка тӏе полковникан Батьяновн полк йалийра цо.
Шен полкан цхьакӏеззиг дакъа аьккхашна тӏехь тергам латто а дитина, 2-чу августехь Гезлой-Эвлахула дӏа Гӏачалкхан йарташка а веана, масех де хьалха хьолахойн бахамаш баго Сулиман чувитинчу йарташкара ши эзар сом гӏуда а даьккхина, цигара жимма а кхераме хета нах а лецна, Хаси-Юьрта йухавирзира Батьянов.
Свистуновн планаш кхин а генна дӏайоьлхура: Нохчмахка-м хьовха, йерриг Нохчийчоь а гонна йуккъе хьовзор. Амма и ӏалашо кхочушййан цунна кӏезиг хетара тахана гӏаттам хьошуш дакъалоцу регулярни эскаран ткъе исс эзар цхьамза а, диъ эзар тур а, бӏе йиъ йоккха топ а. Царна тӏе гӏоьналлин ницкъаш а бара. Дегӏастанхойн пхи эзар милцо а, нохчийн, гӏумкийн, гӏалгӏайн, хӏирийн дошлойн сотняш а. Цул сов, цо приказ