шена тӏехбаьлла а моьттира. Амма тӏаьххье хӏара гӏаттам болабелира. Тӏаккха а йисира догдохийла. Хӏинца дас динчо иза, харцийна, тӏекӏелйаьккхи.
«Мичахь йу-те Маьлхаш? – ойла йора Дадас. – Да, вежарий дийна буй-те цуьнан? Догдилла деза-те ас сайн безамах?..»
Дада шен ойланех йукъахваьккхира Органан гӏергӏарна йуккъехула деанчу зевнечу озо.
– Ваши-и-и!
И аз гӏенах санна хийтира Дадина. ХІокху къорачу лаьмнаш йуккъехь, и цӏе йоккхуш, цуьнга мила кхойкхур ву?
– Ваши-и-и!
Дада, хьала а гӏеттина, дӏасахьаьжира. Хил дехьа бӏаьрг тоьхча, хьуьна йисттехь сирачу говрахь бере гира цунна. Уггар хьалха – шен вешин говр, тӏаккха вешин кӏант вевзира цунна.
– Мовсар!
– Ваши!
Сихха говрана тӏе а вахана, гаьллаш бага а йоьхкина, кхоссавелла тӏе а хиъна, хи чу тесира цо и. Чехкачу хино охьаийзо говр, мераӏуьргаш сийсош, «хур-р» деш, дехьа а йаьлла, йегайелира.
– Хьо мичахула кхаьчна кхуза? – хаьттира Дадас, дӏакхевдина вешин кӏант мара а вуллуш.
– Шама схьаваре хьоьжу-кх.
– Иза мичахь ву?
– Хаац. Ша схьаваллац ӏе аьлла, цо схьахьажийна со.
– Ашшимма хӏун до?
– Амина тӏаьхьавоьду.
Доьзалехь массара а Ами олура ӏуммех.
Дада цецвелира.
– Салташа йурт йагийча, оьгӏазваханера Шама. Вайн ший цӏенош а дагийна.
– Гина суна, – йуха а кӏант тӏеозийра цо.
– Ахь хӏун до, ваши?
– Со а ву-кх Ами лаха воьдуш. Иза мичахь ву хаьий хьуна?
– Шамина хаьа. Хьо хӏунда воьду Ами волчу?
– Хаац…, – элира Дадас гӏийло. – Иза тӏевало вохуьйтуш ву-кх инарлас.
Мовсар леррина ден веше хьаьжира.
– Ами вогӏур вац, – элира цо сацамболлуш. – Цуьнца Иба а ву. Шама а, со а хир ву цуьнца. Тхох цхьа а инарлина тӏевогӏур вац.
– Шу стенга даха дохку?
КІентан дерачу хьажаро цецваьккхира Дада.
– Цхьаннахьа а. Тхайн лаьмнашкара а девлла, тхо мича гӏур дара?
Кӏанта шена Іиттарш йеш санна хийтира Дадина.
– Схьалоьцур ду шу, йа дойъур ду. Къийсар эрна ма ду, Мовсар. Ами вон вахана ӏаьлбагна тӏаьхьа. Ашшимма лелориг а ду хьаштдоцург.
– Схьа-м лоьцур дац тхо, дайъахь – дойъур ду-кх. Ткъа къена Ами дӏа а тесна, цӏахь муха Іа тхойша? Иза хьан ларвийр ву? Миска Ами! Чов хилла, боху, цунна…, – кӏентан ӏаьржа ши баьрг хих буьзира. – Мичахь ву а хаац… Дийна вуй а хаац…
– ДІавала, осала ма хила.