дӏасаволавелира. Цхьана ханна тийналла хӏоьттира хьехахь.
– Наха ца боху, хьо маршонан гӏуллакхна гӏеттина, – элира Дадас, ларлуш.
– Хӏун боху цара?
– Хьо туркошна дешех вохкавелла, церан гӏуллакх айъина лела, боху.
– Муьлш бу и нах?
– Массо йартийн маьждигаш чохь кхайкхадо иза…
– Молланаший? Оцу заддаший? Хӏинца хии суна хьо мича гӏерта! Хьо а теша-кх царах? Теша-кхий ткъа! Тешаш ца хилча, дуьйцур ма дацара ахь! Шаьш санна, кӏилло ву моьтту шуна массо а? Муьлш бу и хабарш дуьйцурш? Йамарт жӏаьлеш! Шайн халкъах хаьдда заддаш! Шайн тӏингарш йуьзчахьана, халкъ сийначу цӏарах дагарх а, лерган дуьхьиг ца ухьу аш! Йухаверза ший а. Со ца вогӏу ала инарле, шаьшшимма сох дош ца ло ала. Салташна, царна гӏо дечу вайн къомах девллачу кхахьпанашна йукъа а кхетий, йарташ йагайе, зударий, бераш дайъа. ТІаккха инарлас гечдийр ду шуьшинна. Чинаш лур ду, ордалш а, аш дайъинчу зударийн, берийн цӏийх, бӏаьрхих йуьзна. Суна гучуьра дӏавала ший а!
Ӏуммин шуьйра йеха маж, левси санна, сихйелла ийъалора цуьнан некха тӏехь. ЦІийбеллера буьрса ши бӏаьрг.
– Со цӏа ваха веана вац, Ами, – элира Шемала. – Ахь дийрриг дан веана. Хьох ваьлла, ваха меттиг бац сан.
Дада ша волччохь лаьттара, ши бӏаьрг лаьтта а боьгӏна. ХІара хьалххе гуш дара цунна. Дика вевзара да а, ваша а. Ткъа Мовсар а ву къаьрззина цуьнга хьоьжуш. Цуьнгарчу жоьпе ладоьгӏуш. Йуханехьа вахча, дех а, вешех а волу. Царах ваьлла а ца Іа. Халкъах а къаьста. ТІаккха къеначу лаьмнаша а нажжаз вийр ву иза…
Дада Мовсаре хьаьжира. Дехарций, бехкбаккхарций хьоьжура цуьнга кӏентан бӏаьргаш.
ТІе а вахана, вешин кӏант маравоьллира цо…