Амалтана бигна нах Шуьйтан гӏопехь чубоьхкина бара. Амма гӏаттаман коьрта дакъалацархой лаьмнашкахь къайлабовла кхиънера.
Ӏуммин Дада халла вуьйлира гӏовттамхойн дахарх. Йуьхьанца хало дара тӏуьначу хьехахь, кӏел верта а даржийна, шийлачу тӏулгаш тӏе охьавижа. Набарх а дуьхьалара ца довлура Тифлисехь даьхна шераш. Гӏовгӏане шахьар, суьйранна адамех дуьзна сийна урамаш, къона мехкарий. Даим дуьхьаллаьттара Маьлхашан амат а. Шен безамах догдиллинера Дадас. Гӏаттам хьошуш ца вехь а, ткъех шарна каторга йара цунна кийчча. Къанвелла, къежвелла, букар хьаьвзина воьрзур ву иза цигара цӏа. ТІаккха хир йац дагна йезарг.
Ша деца сецча, уггар хьалха Мовсаран гӏайгӏа бан вуьйлира Дада. Цунна дукхавезара шен вешин кӏант, ткъа Мовсаран а дацара ден вешел хьоме хӏума. Стомара Мовсар Хевсурете а вигна, иза цигахь шен гергара доттагӏ волчохь а витина, тховса суьйранна йухавеанера Дада.
Бевддачарна сих-сиха шайн доьзалш дагабохкуьйтура хІокхаьрца йедда лам чу йеанчу Мархас. Иза гича, цӏеххьана бӏаьргаш а кхулий, ойлане бовлу уьш. Накъостех хӀораннан а доьзалш лела цхьаццанхьа шайн генара гергарниш болчохь йа герггарчу хьаннашкахь къайлабевлла. Нагахь царна тӏаьхьатоллуш лелачу салташий, милцоший, лецна бигна, Шуьйта-гӏопе чу ца боьхкинехь.
Селхана малх чубузучу хенахь цӏа веача, хьехахь Марха ша карийра Дадина. Цхьацца дуьйцуш, хиира оцу гӏайгӏанечу зудчун кхоллам. Марха Нихалара йара. Накашидзен отрядо Нихала дӏалоцучу дийнахь майра цӏахь вацара. ДІай када вахана. Ши бер цІахь а дитина, Марха шайн ирзо тӏе йахара, шолгӏачу асарх бисина мур баккха. Йуьртахь тоьпаш йуьйлу хезча, цел охьа а тесна, цӏа хьаьдира иза. Йуьртана герга мел гӏоьрти, хезара боьлхучу зударийн маьхьарий, летачуй, цӏийзачуй жӏаьлийн гӏовгӏанаш. Гу тӏе йаьлча, цунна гира йуьртана тӏехула гӏеттина Іаьржа кӏур. Цӏахь дисинчу шина берах йогуш, ирхе, охье ца къаьсташ, ши мача кара а лаьцна, ирачу тӏулгаша берзина когаш цоьстуш, йедда йуьрта иккхира иза. Хӏинца цунна гора сийначу цӏаро йукъахьарчийна шайн лаппагӏа. Керта иккхина, дӏасахьаьжча, гуш дацара ши бер. Беша а иккхира. Мохь а биттира. Маьхьарий