тӏекӏелдолу.
Аренца йолчу йарташца дерг а чекхдаьлла. Дегӏастанах а тоххара догдиллина ӏаьлбага. Абхазойн а, санойн а гӏаттаман гӏуллакхаш муха ду а хаац.
Хӏара гӏаттам кечбечу хенахь, цхьацца кӏилло нах бовлура даим дӏа ӏаьлбаган а, цуьнан накъостийн а лерехь балхаме цӏийзамаш беш. Хӏара ӏедал чӏогӏа ду, паччахь ницкъ болуш ву, ӏедалца къийса ницкъ бац, хӏор а йуьртахь, хӏор а цӏа чохь куьйгаш ма ду ӏедалан, массо стеган лаг лаьцна бохуш.
Паччахь шега вохалур воцийла-м ӏаьлбагна наханачул а дика ма хаьа. Цхьаболчарна ма-моьтту, иштта сонта а вац иза а, цунна тӏаьхьахӏиттинарш а. Амма хӏокху ӏазапна, харцонна детта са кхачийна-кх.
Шен жима бӏо тховса Бенахь а битина, Лоьма-Кӏорца ваха ойла йолуш вогӏу ӏаьлбаг, нагахь, цхьа дагахь доццург тӏе а Іоттаделла, ца висахь. И сацам хилла, ара масазза ваьлла иза, амма хӏоразза а аьтто нислац.
Хӏорш Бена кхочуш, дуьхьалвеара гӏаттаман йуьххьехь ӏаьлбагах схьакхетта бенойн хьолахо Айсолта.
Воккха стаг тӏекхочуш, говрара охьавоьссира Іаьлбаг. Шега делла салам схьа а эцна, хьастаме вела а къежаш, массеран куьйгаш лецира Айсолтас.
– Марша догӏийла шу, хьомсара хьеший! Вайн везачу Дала мостагІчунна тӏехь толам баккха гӏо долда шун!
Ӏаьлбаг резавацара хи санна лелачу Айсолтин мекарчу шина бӏаьргана.
– ДІадуьло, – хьалхавелира Айсолта. – эхӏ, ма дика ду шу даьхкина! Тховса, дала мукъалахь, шортта уьстагӏий а дайъина, сагӏа доккхур ду вай. Шун догІмашна тӏера.
Дукъан басенца хьуьна чохь йаьржинчу кху йуьртан урамаш дан а дацара. Жима бӏо уллошха тӏехболуш, дера летара ах акха кхиъна даккхий, месала жӏаьлеш. Бӏо йуьрта мел булу, цхьацца-шишша тӏаьхьахӏуттуш, божаберийн арданг кхозайелира хӏокхеран цІоганах.
– Керла хӏун ду кхузахь? – хаьттира ӏаьлбага, хабаре ваьлла Айсолта йукъах а ваьккхина.
– Керлий? Хӏара ду ала, хӏума дац… Солтмурд, Бенойн-Ведана вахана, цӏахь вац. Сийсара сахиллалц тӏом хезара Гӏамар-Дукъахь. ЦІонтарой а, даьргӏахой а хьуна дуьхьалбовла кечбелла, боху. Белгӏатой а цаьрца бу. Селхана Элби веанера кхуза. Со хоьттуш ву, бохура, иза. Сох хӏун дора-м, хаац.
– Кхузарчу нехан дог-ойла муха йу?
– Вон йац, ӏаьлбаг. Дала мукъалахь,