– Господа, – долийра цо. – Кавказан эскарийн коьртачу штабан бертахь, Нохчийчоьнан гӏаттам йоццачу хенахь хьаьшна дӏабаккха аьлла, кхуза схьахьажийна со. Иштта коьртачу штабан а, Дегӏастанан областан начальникан а бартаца, сан куьйгаллин кӏел луш бу Нохчийчохь болу берриг герзийн ницкъаш, цаьрца цхьаьна – Ламанан Дегӏастанан отряд а. Шуна ма-хаъара, Анатолехь тахана цкъа дика дац вайн гӏуллакхаш. Цул сов, болчу хаамашца, хӏара гӏаттам Дегӏастана баржа кхерам болуш а ду хьал. Цундела, тӏаьххьара а, къиза а тохардар – иза ду вайна хьалха хӏоттийнарг.
Хӏораммо шена хетарг аьлча, сацам тӏеийцира: Веданна ши чаккхарма уллохь болчу ӏаьлбагехьа бевллачу дишношкарий, эрсаношкарий амалтана нах а баьхна, отряд Нохчмехкан кӏорге йига.
Смекаловн план шолгӏачу дийннахьехь йуьйхира. И де дайъира цо дишношца барт бан гӏерташ. Цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана нах бала а, ӏедална муьтӏахь хилла, совца а.
Дарвеллачу Смекаловс суьйранна йуха а кхеташо гулйира. Хӏинца цо ша волчу кхайкхира берриг а батальонийн командираш. Деха ца дуьйцуш, сацам тӏеийцира тӏедогӏучу дийнахь ӏуьйранна Дишни-Ведана йохийна дӏайаккха.
Амма хӏорш дӏасакъаста а кхиале. Гӏамар-Дукъахь тӏом кхехкабелира. Схьакхехьа болийра чевнаш хилла салтий. Тӏаьххье Эрсанан отрядан начальникан майоран Явченкон геланча веара, цига хьажийна кхоъ рота гонна йуккъехь йисина, дукъа тӏехь хин тӏадам а бац, салташа ӏуьйранна дуьйна хин къурд ца бина аьлла.
Явченкон отряде Эртана-Коьрте йухайала аьлла, приказ а дахьийтина, и буьйса тӏамна кечамбеш йаьккхира Смекаловс. Ӏуьйранна ворхӏ сахьт долуш бивакера Апшеронски, Самурски, Курински полкийн батальонаш а, гӏалгӏазкхийн, гӏалгӏайн, дегӏастанхойн а дошлойн сотняш Дишни-Веданехьа дӏа а хьовсийна, царна тӏаьххье шен штабаца Веданах аравелира иза.
Операцина тӏехь куьйгалла дан, йуьртана тӏекхачале долчу Ахкан лекхачу берда тӏехь йуькъачу боьлакна уллохь сецира Смекалов. Отряд, цхьа а тайпа новкъарло ца хуьлуш, Ахках дехьайаьлча, сапаргӏатделира цуьнан. Амма, эвлан йистера шолгӏа боьра хадо йоьлча, отряд цӏарна кӏел нисйелира. Эвлан йистерчу массо цӏа чуьра