Амма цуьнца цо йерзинайаьккхира аьрру фланг.
– Есауле Афанасьевга, шен сотня гӏашйаккхий, мятежникашна букъа тӏехьахула тӏелата ала!
Амма гӏалгӏазкхашца гатесна воьду Афанасьев гуш боцчу ницкъана теӏоттавелира цӏеххьана…
Іаьлбага сийсара Коьрица йуха а йийцаре йира Веданна тӏелатаран план. Хаси-Юьртара эскарш Яьссиций, Ямсуций хьала ца довлийта, кӏеззиг ницкъашца Нурхьаьжа – Зандакъа кӏел, Тозуркъа – Мескитахь лаьттара. Тангӏайс Хулхулон чӏож дӏалаца дезара. Йиллинчу хенахь ӏумма Басса тӏе воьссича, ӏаьлбаган а, ӏуммин а ницкъаш тоьур бара Ведана дӏалаца.
Амма ӏаьлбаган планаш йохийра Сулиманан геланчас. Ша мостагӏ сецо кхо де ду, тахана Іуьйранна берриг ницкъ шена тӏететтина, Дишни-Ведана отуш йу, чехка орца оьшу бохуш.
Ӏаьлбаг цецвелира. Цкъа хийтира цунна, шен планах цхьамма мотт баьхьна-те аьлла. Амма иза йевзаш хӏорш пхи стаг бен вацара. Хӏета, цхьанхьа гӏалат далийтина хир ду-кх…
Ӏаьлбагна ца хаьара дерриг а хӏоьттинчу хьоло кхуллуш, шашаха хуьлуш дуйла. Йа Смекаловн дагахь а дацара хӏара кхаа дийнахь бахбелла тӏом боло. Иза а хилира шашаха.
Доцца аьлча, дагахь доццург хилира. Шен бӏоца Солтмурд а Бенахь ву. Сулиманан бӏо хӏаллакьхилийта а йиш йац. Иза кӏелхьарваккха веза хӏуъу дина а…
БІона цхьа бӏе гӏулч хьалха, Іода кхоьссича санна, чехка вогӏура Іаьлбаг. Сирачу динан йеха, йуткъа ворта хьацаро Іаржйина. Цхьа масех гӏулч тӏаьхьавогӏу Коьра а, Къайсар а. Даьргӏахула богӏу некъ сехьа лома тӏе баьлча, говр сацийра цо. Йохйелла, карзахйаьлла говр цхьана меттахь саца ца туьгура. Лаха чохь Дишни-Веданна тӏехула хӏоьттина Іаьржа кӏур гора. Йуьртахь лелхачу хӏоьънаший, гранаташий сийна цӏераш летийнера массо маьӏӏехь. Хӏаваэ хьалаоьхура дечигаш, диттийн гаьннаш, лаьттан окъамаш. Цӏеххьана йаккхий тоьпаш севцча, йуьрта даьржира мостагІчун эскар. Оццу минотехь Ахка тӏехь тӏом кхехкабелира.
– Гатесна, хьуьнна тӏехьа бовлуш дошлой бу! – мохь белира Коьрин.
– ТІаьхьадуьйла! – мохь тоьхна, говр дӏахаьхкира ӏаьлбага.
Гӏашбевлла Афанасьевн дошлой, карахь йоций тоьпаш йолуш ломах хьала а бевлла, гӏовттамхошна букъа тӏехьа бовлуш, цӏеххьана хьуьна чуьра