приказ делира, дишнийн кхаш тӏера йалташ, докъарш дагаде аьлла.
Амма ӏаьлбаг, йухавийлахь а, дӏа ца воьдура кхузара. Цхьанхьа йухаволуш, кхечухьа гучувуьйлуш, тӏелеташ, хӀокхеран синтем байъинера цо.
Оццу хенахь вочу хьоле нисбеллера Гӏамар-Дукъара гӏовттамхой а.
Накашидзен отряд йухайаьлча, дукъ йуха а дӏалецира Сулимана. Шайн йохийна чӏагӏонаш, хьалха санна, чӏогӏа йацахь а, сихха йуха меттахӏиттийра. Амма шолгӏачу а, кхоалгӏачу а дийнахь садаӏа ца битира уьш Эрсанарчу отрядо. Ломан цхьа маьӏиг дӏалаца аьтто а хилира цуьнан. Амма гӏовттамхоша дукъана аьттехьа а ца йуьтура царна хи а, кхача а тӏекхачо гӏерта салтийн отряд. Йа гӏаддайнехь а, йа кхиамах догдиллинехь а, лам тӏера салтий, тӏамца йуха а бевлла, Эрсана дӏабахара.
Шайна хаа а ца хууш, оцу деношкахь масех толам баьккхира гӏовттамхоша. Механа беза-м бара уьш. Чевнаш хилла а, вийна а ткъех стаг дукъара дӏаваьхьира церан. ГІелбеллера бисинарш а. Хӏоъ-молха а ца дисинера цхьана денний бен. Ломана го лаьцначу салташа новкъарло йора иза тӏедан. Мостагӏ ломара дӏавахча, бӏаьхошка, садаӏа охьадийша аьлла, омра дира Сулимана. Эрсанахьа йолчу агӏор кӏеззигчу нахах ха дитира.
Буьйса тийна йара. Генна охьа чохь, хьуьна йуккъерчу ӏам чохь, пхьидаш йекара. Стигал а тӏехьоьжура, седарчаша къарзйина. Горгачу батто серладаьккхинера дукъ. КІадбелла, гӏелбелла бӏаьхой чӏогӏа набарш кхетта Іохкура. Йукъ-кара соьцуш, охьа чу ладоьгӏура Сулимана. Амма цхьаннахьара а хӏумма а ца хезара. КІадвелла Сулиман жимма садаӏа берда йисте охьалахвелира. Иза а ма вацара эчигах вина. Ойланаш хьийзара коьрте. Хӏоьттинчу хьолах а, кханенах а. Вала ца лаьара цунна. Ӏожаллех кхерар а дацара иза. Йа ирсе сатийсар а дацара. Кхин гӏуллакхаш ду дан дезаш. Шен цІонтаройх цхьаболчех бекхам эцар. ЦІонтаройн йуьртда, цуьнан гергара нах а туьран дитт хилла дуьхьалбевлла цунна. Сулиманца цхьана тайпанан белахь а, шайн-шайн гарах бара уьш. Цаьрца дуьстича, дуткъо дара Сулиманан гар. Цул сов, Сулиманан мостагІчуьнгахьа ву йуьртара массо а таройерг. Хӏор а денна дов лаьтта шиний агӏонна йукъахь. Рузба а доьхнера йуьртахь. Цхьаьнакхеттачохь муьлххачу