– Хьий, жӏаьлеш, йаӏ, иллешца богӏий-ца! – мохь туьйхира Янаркъас.
– Дела мала аш кхоста!
– Шайн куьйгаш дуийла аш, заддаш!
Кестта йоккхачу отрядца схьакхечира ӏаьлбаг а.
Йаххьаш къаьсташ «милцой» гергакхаьчча, ӏаьлбаган омрица, маьхьарий а детташ, чухьаьлхира гӏовттамхой. Хьалха богӏучеран кортошна тӏехула хӏокхара айъина тарраш охьадаха а кхиале, шиний агӏор варшашкахь дӏасабаьржира «милцой». Оцу минотехь лергаш къардеш йевллачу йаккхийчу тоьпаша къахкийна Янаркъин говр, йуха а хьаьвзина, урхе ла ца дугӏуш, дІатаьӏира. Хьаьжкӏийн буьртигаш санна, гобаьккхина охьаоьгура чаччамаш. Шен цхьа пхьарс лехаш санна хийтира Янаркъина, амма цуьнга хьажа хан йацара. Къайсара цхьаъ-м бохуш хьоькху мохь халла хезара герзийн къекъарехь. Хала Делан балица Къайсара низаме балийна бӏо йуха а хьалхатаьӏира. Аьрру агӏор чухаьхкира ӏаьлбага а. Ший а бӏо «милцошца» чуччабаханчу хенахь, гӏалгӏазкхий хьалха а буьйлуьйтуш, ламанхой кӏез-кӏезиг йухабевлча, тӏаккха гучубевлира салтий. Цара цхьанаметта маситтаза тоьпаш туьйхира. Янаркъина гира шен накъостех масех охьавужуш. Хӏинца агӏонца тӏелетира баккъалла а йолу милици а. Ӏаьлбаг а таӀийнера дехьа лекхачу берда кӏел. Хӏинца йаккхий тоьпаш цига йерзийнера. Йухабуьйлуш, тӏаккха, цхьаьна а кхетий, хьалхатеӏачу гӏовттамхоша цкъацкъа халачу хьоле а хӏоттавора дуьхьалонча.
Дуьхьал позици лаьцначу отрядехь дика хьал доцийла хиъначу Смекаловс цунна гӏоьнна хьажийра подполковник эла Шервашидзе коьртехь апшеронцийн рота а, подполковник Фейзулла коьртехь дегӏастанхойн дошлойн милици а.
Йанаркъас шиний агӏор тур лестадора. Хӏинццалц летарх, шиъ вара цо вийнарг. Дукхахдерг ша ларван гӏерташ, цкъа топ, тӏаккха тур дуьхьал лоьцуш, хьацаран кӏур хиллера цунах. Барзана гонах жӏаьлеш санна, шена гонах хьийзачу милцошна йуккъехь цхьаъ Хортӏин Асхьадах тарвелира цунна. Амма тӏегӏертачу ламанхоша ца витира дика хьажа, жимма ӏийча, кхин цхьаъ Инарлех тера а хийтира.