говрахь йуьхьарвахна ӏумар а, цхьана куьйга цуьнан говран урх ийзош, вукху куьйга тур детташ, шена тӏаьхьагӏерта Михаил а. Гонна йукъара вала гергавахана Янаркъа доттагӏ кӏелхьарваккха йухахьаьдира…
МостагІчун могӏанаш хедош, чекхбаьлла бӏо дуьхьал хьуьн чохь къайлабаьлча, говран болар лагІдира ӏаьлбага. Цунна тӏерачу боьмашчу машин чоин ший а тӏам цаца санна бинера хӏоьънаша. ЦІийн хьоькхнаш йара беснеш тӏехь. Йуьхь кӏадйелла гора. Беккъа цхьа ӏаьржа бӏаьргаш богура шек а боцуш.
– Сулиманах а, Солтмурдах а дӏа муха кхетар дара-те вай? – хаьттира цо, тӏаьхьакхиъна, марсайаьлла говр сецо гӏертачу Коьрега.
Тейеш, говран логах шозза-кхузза куьг тоьхна, схьавирзира Коьра. ХІокху деношкахь йолчу тӏе а азйелла цуьнан йуьхь йахйелча санна хетара. Чӏагарш йеш хьийзинера хьаьрса маж, мекхаш дара бетан шиний агӏор кхозуш. Коьра дӏасахьаьжира.
– Хьуна хӏун хилла? – кхеравелира ӏаьлбаг, доттагІчун куьйгах цӏий ӏийдалуш а гина.
– Пайдабоццу чов йу. Къайсар, хӏара дӏахьарчо хӏума йуй хьоьгахь?
Оццу минотехь тӏекхечира Іумар валош вогӏу Михаил а, Янаркъа а. Макхвелла, докъан баса вахана кӏант гича, кхерабелла хӏорш, Коьра а вицвина, цунна тӏегулбелира. Меллаша говра тӏера схьа а эцна, ларвеш лаьтта а виллина, шена тӏера даьккхина тиша чоа, хьарчийна, цуьнан коьрта кӏел диллира Янаркъас. Тӏаккха, гӏовталан ветанаш дӏа а даьхна, цуьнан аьрру белш йерзина йаьккхира цо. Белшах жима ӏуьрг доккхуш, го чахчийна, тӏехьара чкъор датӏош, чекхйаьллера дӏаьндарг. Макхвеллехь а, садеттара ӏумара. Цкъацкъа йуьхь чӏачкъайора, цергаш ваьштатаӏайой.
– Дукха лозий? – хаьттира Къайсара, цуьнан хьаьж тӏе хӏиттина хьацаран буьртигаш куьг хьаькхна дӏа а даьхна.
– Хӏан-хӏа, – корта а ластийна, велакъежира кӏант.
Ведда вахана ӏин чу воьссина, Михаил веара цхьанхьа-м карийначу чІуьжалга чохь хий, масех динберггий йохьуш.
– Сатохалахь, – аьлла, пӀелгашца белш теллира Къайсара. – Даьӏахк дийна йу. КІедачухула баьлла хӏоъ.
Тӏаккха, чов а йилина, тӏе динбергаш йохкуш, белш дӏайихкира цо.
– Янаркъа, хьо, кӏант эций, меллаша цӏа гӏо. Нагахь новкъахь вон хилахь, ӏаьларахь саца ший а. Хезин хьуна? Ткъа ахь