охкийна гӏийла йуьстахлаьттара Эрсанара лаьхкина далийна даьхний а.
Отряд гӏовттамхойн лорах новкъа йалале, кхаъ беара Смекаловна. Цунна гӏоьнна йоуьйтуш йара хӏетта Нохчийчу кхаьчна Динабургски полк а, резервехь лаьтта Навагински полкан йиъ батальон а, артиллерин батарея а, гӏалгӏазкхийн а, хӏирийн а дошлойн сотняш а.
Хаси-Юьртарчу отрядо Яьссиций, Ямсуций хьала операци йолийнера. Цигара йарташ а йохош, хьалавогӏу полковник Батьянов Бенахь цхьаьнакхета везара Смекаловн отрядца.
Мундир а, эткаш а дӏа а йаьхна, садаӏа походни маьнги тӏе дӏатевжира Смекалов. ГІоьнна бӏаьхаллин дакъош догӏуш-м дика дара. Амма командующина ма-моьтту аттачех дац кхузара хьелаш. Батьянов шозза гӏоьртина Нохчмахка вола. Шоззе а иза йухаваьккхира Тозуркъас гӏовттийначу Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа…
Смекаловна халла озийна наб йайъира арахь йевллачу гӏовгӏанаша.
– Мича гӏерта хьо? Цуьнан локхалла садаӏа охьавижина ца боху хьоьга?
Чувеанчу адъютанто хаам бира, Іаьндойн наиб поручик Гирей, ша чӏогӏа гӏуллакх долуш веана бохуш, чугӏерта аьлла.
– Схьачуваийта.
Маьнги йисте охьа а хиъна, эткаш кога а йуьйхина, пхьаьрсаш дӏаса а тесна, дегӏ озийра Смекаловс. ТІаккха, гӏентан гӏовланах кхозу мундир белша тӏе а тесна, хьалагӏеттира иза.
Букара таьІна, четаран лохачу неӏарх чувелира доцца лоргуш тодина хьаьрса маж-мекх долуш лекхачу дегӏара шовзткъа шо хенара ӏаьндо.
– Хӏун оьшу хьуна? – хаьттира Смекаловс, хьаьжайукъ а хабийна.
– Хьан локхалла, курчалойн хьокъехь хьоьга дехар дохьуш веана со, – элира цо оьрсийн маттахь, цӏен горга ши бӏаьрг инарлина тӏе а боьгӏна.
– Схьадийцал.
Алексей Михайловича, охьа а хиъна, цигаьрка бага йоьллира.
– Хьан локхаллин приказца, хьакъ а долуш, Курчала йохо отряд йахана. Церан тхьамданаша йукъарлонна ваийтина со.
– Хӏинца а бохийна бац аш и разбойникийн бен?
– Хӏан-хӏа, хьан локхалла. Цара де-буьйса хан йоьху ойла йан.
– Мичахь ву полковник Накашидзе?
– Цигахь ву иза, хьан локхалла. Куьрчалахь дуккха а гергара нах бу сан. Йурт ма йохайахьара аьлла, цара дехаре ваийтина со.
Алексей Михайловична хезнера хӏокху Гирейн Курчалахь, Басса тӏехь а даккхий гергарлонаш