пхьола-м деш карийра цунна доттагӏ. Бий а ког хецна цӏийнан маьӏӏехь дижина ӏуьллу ӏаьржа жӏаьла, Мохьмад керта вогӏу хезча, дегаза цхьа бӏаьрг биллина, Мохьмаде а хьаьжна, цкъа-шозза цІога лаьттах тоьхна, бӏаьрг тӏе а хьаббина, йуха а дӏатийра.
Дечиган мукъ бахкабелла, эчиган меженаш мекхаша йиъна шалго тапча хьейеш воллура Эламирза.
– Хьо хӏун деш ву? – улло охьахиира Мохьмад.
– Тапча тойеш.
Мохьмада мерах шок туьйхира.
– Тапча хир йац цунах.
– Хӏунда?
– Ца го хьуна? Мекхаша йиъна, Іуьргаш дийлла.
– Мегар йу суна.
– Сан диканиг йу цІахь.
Эламирза цатешаш схьавирзира.
– Пуьташ?
– Ас маца боьттина пуьташ? Ӏумара йелла суна.
Эламирза цунна тӏе а къаьрзина висира.
– Хьуна хӏун хилла?
– Хӏун хилла?
– Йуьхь йу-кх ӏаржйелла, цициго мІараш тийсича санна.
– ӏабдих леттера со, – корта охьабахийтира Мохьмада.
– Оцу пелаго йиттина хьуна?
– ЧІонакъас гӏодаьккхира цуьнгахьа. Суна а кхийтира.
Тапча хьалха а хьажийна, лаг уьйзира Эламирзас. Амма йа лаг а, йа зӏок а меттах ца йелира.
– ДІакхоссахьа и къечӏалг, – Эламирзин карара тапча схьайаьккхира Мохьмада. ТІаккха, хьала а гӏеттина, бешахула дӏаластийра. – Ас цӏенаниг лур йу хьуна.
– Хьан шиъ йу?
– Кхоъ йу. Тхан ден хилларг а, ӏумара йелларг а. Кхин тиша цхьаъ а. Лело мегаш ма йу иза. Вало, лийча воьду вайша.
Шина кӏентан доттагӏалла дукха жима волуш дуьйна тасаделлера. Буса вуьжуш бен дӏаса а ца къаьстара. Цкъацкъа цхьаьна вуьжий а вуьсура Эсет йолчохь.
Лун-Берда кӏел айма йолчу а вахана, чехкачу хи чу а кирчина, йовхачу гӏамарла аркъал охьавижира и шиъ.
– Эламирза, – меллаша кхайкхира Мохьмад, йекхначу стигала а вогӏавелла.
– Вай, – дегазо вистхилира доттагӏ.
– ЧІонакъех бекхам эца беза ас.
– Муха? – схьавирзира Эламирза.
Мохьмад вехха ӏийра жоп ца луш.
– Ас вуьйр ву иза.
Хӏинца Эламирза а дӏатийра.
– Велур вац. Иза воккха ма ву.
– Тапча тоьхча-м, велур ву.
– Иза а тоха ма йеза. Тапча а карахь цо улло вуьтур ма вац.
– Цхьанхьа кӏело а йина, вуьйр ву. Шен кха тӏе воьдуш.
– Цул Хортӏина диннарг дича?
Цхьа кӏира хьалха буьйсанна, дукъа а ваьлла, Хортӏин кӏен рагӏ йагийнера шина кӏанта. Дарвеллачу Хортӏас дукха лийхира бехкениг. Амма ца карийра.
– Рагӏ йагайарх декхалур дац тахана цо