хенара боцчарна йукъахь лаьтта Мӏаьчиг, Васал, Ахьмад, кхин дуккха а. Ткъа туркойн тӏеман турпалхо Солтха гуттар а тӏехьа теттина. Шена хьалхарчаьрга терра ламазна хьала-охьа теӏа Солтха. Амма цуьнан ойланаш генахь йу ша дечу гІуллакхна. Цо ойла йо Васала аьллачу дешнийн.
Цхьанне а ца хаьара Солтха туркошца тӏаме хӏунда вахана. Туркойн паччахье цабезам хилла а, йа оьрсийн паччахье безам хилла а ца вахара иза. Къоьлло вахийтира. Васала ма-аллара, Солтханан цхьа цӏийнан лаппагӏ йу, догӏа сецначул тӏаьхьа а дийнахь-бусий хаддаза ладарш а ӏийдалуш. Хьуьна йуккъехь, латта можачохь, жима ирзо а ду, дика йевлча, тӏера ши гали хьаьжкӏаш а йовлуш. Йалх газа а.
Солтханан маьхчин Инарлин долахь кха а, иттех бежана а, йиъ говр а, бӏе сов уьстагӏ а бу. Миска Солтха хӏор а шарахь вецара Инарлина. ХІетте а, цкъа а декхаршна кӏелхьара а ца волура. Масех туьма ахча а, масех гали йалта а декхарийлахь вара иза Инарлина. Нохчийн полк вовшахтухучу хенахь, Инарлас сацамболлуш схьахьедира цуьнга, йа шен декхар охьадилла, йа шен меттана полке гӏуллакхдан гӏо аьлла. Солтханан некъ бацара кӏелхьарвала. Говр а, говран гӏирсаш а, герз а Инарлас делира цунна. Солтха полке вахара… Иза къен ма вара. Цуьнан ницкъ ма бацара декхарш такха, хьолахочуьнца къийса…
Хӏорш Буритӏера дӏа а бовлале, туркошца тӏом болабелира. ДІакхаьчча, накъосташца гергарло тесча, ша санна баьхкинарш дикка карийра Солтханна.
…Кызыл-Тепе ломахь хиллачу боккхачу тӏамехь эшна оьрсийн эскарш, даккхий дараш хуьлуш, йухадовлуш, шен ницкъ ма-кхоччу туркошна дуьхьало йеш, тӏеман арара массарал тӏаьхьа йухайолуш йара Нохчийн полк. Инарлин Мухтар-пашин дошлой бара, хӏокхеран кӏажаш хьоьшуш, тӏетеӏаш. Хьалха дӏауьдучу шайн эскарна тӏаьхьакхиъча, коьртачу ницкъах генна дӏакъаьстина хьалха йогӏучу туркойн дошлойн отрядна, цӏеххьана йуха а йирзина, буьрса тохар дира Нохчийн полко. Йукъ-йукъа топ-тапча тухура, амма оцу тасадаларехь коьрта герз тур дара. Тӏамна хьаьсарта баханчу нохчаша маьхьарий деттара, туркошна дений-нанний хьежош. Солтханна дуьхьал нисвелира ӏаржачу аматахь зоьртала дошло. Солтха ша майра, каде тӏемало вара, полкехь а