(Абросимовн йозанаш)
Цамгаран бахьана дӏадаккха,
тӏаккха цамгар а дӏайер йу.
Гиппократ
Гӏаттаман чаккхе гуш йац. Синтем байна хьийза областан а, округийн а администраци. Лахарчу эпсаршна а хиъна хӏара гӏуллакх забарна доцийла. Цхьаьна мел кхеттачохь къийсамаш хуьлу, хӏокху гӏаттаман бехкениш а, бахьанаш а лоьхуш. Наггахь стаг нисло ма-дарра дуьйцуш. Амма дукхахболчара хӏара нохчий шаьш бехке бо. Динан фанатизмо керстанашка цабезам кхоьллина, ткъа цул хӏумма а кӏезиг йоцчу сонталло уьш даим дӏа вайна дуьхьал гӏуьттуьйту, боху.
Оцу тӏехь кхин цхьаъ а ду дуьйцуш. Шайн бусалба туркошца барт хилла нохчийн, хӏара тӏом болабелча, царна гӏоьнна уьш гӏевттина, боху.
Дукха хан йоццуш цкъа инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, лакхара эпсарш гулбеллачу банкетехь и гӏуллакх йукъадаьлча, хӏокху гӏаттаман бахьанаш шена мичахь го дийцира цо.
Инарлин дешнаш даладо ас кхузахь дуьззина, лахахь сайна хетарг аларца, и шиъ вовшашца дуста а, бакъдерг къасто а аьтто хилийта[23].
– Хӏаъ, господа, хӏара нохчий сих-сиха вайн ӏедална дуьхьалбийларан бахьанаш тайп-тайпана дуьйцу наха, – долийра инарлас. – Оцу гӏуллакхан кӏорге хьовса хьекъалдоцчара йа мало йечара цхьа тӏехула ойла йо. Цхьаболчара боху, хӏорш карзахбохурш ӏедал нийса дӏа ца лело вайн чиновникаш бу, ткъа кхечара – хӏокху къоман динан фанатизм а, аьрта сонталла а лору. Хьалхарниг бух боцуш ду, хӏунда аьлча хьалха кхузахь областан начальник хиллачу графо Лорис-Меликовс участкийн коьрте хьанала, догцӏена, тешаме, хьекъале нах хӏиттийна. Приставна хаьара, ша доггах гӏуллакхдича, шена округан начальникан меттигна тӏе некъ биллина буйла, ткъа цигара дӏа – полкан командирна тӏе. Цул сов, приставашка кхузахь доггах гӏуллакхдайта, царна мохк а лора, алапал сов, дуккха а ахчанца гӏо а дора, оьмарна пенсеш а хӏиттадора. Цундела вайн лахара чиновникаш ларлора кхаьънашъэцарх а, бахархошна тӏехь кхечу агӏор ницкъашбарх а.