Тӏе, хӏокху нохчийн ойланаш шайца цхьана динарчу туркошца йу бохург а хета суна цхьа а тайпа бух боцуш. Шаьш вайца латточу къийсамехь даим а шайна арахьара гӏо лехна ламанхоша. Шаьш оцу хьелашка хӏиттича, хьалхара орца туркошка олура цара, уьш шайца цхьана динехь хиларал сов, дозанал арахьарчех уьш уггар гергахьара лулахой а хиларна. Цул сов, даим вайца мостагӏалла долчу туркоша, вайний, ламанхошний йукъерчу девнех пайдаэца ӏалашо йолуш, шаьш и дов кӏамдеш, марсадохуш, тӏаккха шайга орца олуьйтуш меттигаш а хилла. Амма ламанхойн цкъа а ойла хилла йац туркойн ӏедална кӏелбаха. И хуучу туркоша хабарел а, питанел а тӏехбевлла цкъа а гӏо ца дина царна. Доцца аьлча, ма-дийццара, хӏара ламанхой кӏорггера бусалбанаш а хилча, туркошкахьа шайн безам а хилча, оьрсашкахьа цабезам а хилча, вайн эскаршка а хӏиттина, хӏорш туркойх лата тӏаме гӏур бацара. Ткъа, шуна ма-хаъара, туркошца хуьлчу вайн массо а тӏеман кампанехь жигара дакъалоцу ламанхоша. Тахана а туркойх майра а, доггах а леташ нохчийн цхьаъ а, дегӏастанхойн шиъ а полкаш а, дисинчу ламанхойн къаьмнийн бӏаьхаллин дакъош а ду. Оцу масалша гойту, хӏорш вайн ӏедална мел шаьш реза бацахь а, Россина муьтӏахь хилар…
Ас тӏаьххьара а хаттар дира инарле:
– Хьан локхалла, ахь дуьйцург а, тахана кхузара вайн гӏуллакхаш а цхьаьна ца догӏуш хета суна. Доцца аьлча, ахь дийцарехь, нохчийн гӏаттамаш вайн администрацин политикин а, гӏалатийн а жамӏ хуьлу. Хьан къамеле ладоьгӏча, хаало нохчех мелла а хьан доглозуш хилар. Хӏетте а, суна хаарехь, хьалхалерчу тӏеман а, граждански а администрацин гӏалаташ а нисдина, Нохчийчохь машар а, синтем а хӏотторна керлачара а ца дина хӏумма а. Мелхо а, тахана оцу гӏалаташна йа, нийсса аьлча, оцу харцонашна дуьхьалойийраш къинхетамза хьоьшу…
Сан хаттар ца тайначу инарлин хьаьжа йуккъе шад хӏоьттира. Схьахетарехь, ишттачу хаттарна хьалххе дуьйна кийчча хиллачу цо сихха жоп делира.
– Цкъа-делахь, господин Абросимов, хьалхалера гӏалаташ нисдан йехха зама оьшу. Шолгӏа-делахь, уьш нисдар а, кхузахь машаррий, синтеммий хӏоттор а сан лаамехь гӏуллакхаш дац.