а, туземцаш а ӏедало цхьана социальни хьоле хӏиттийна дела. Цул сов, туземцашка гӏоьртташ мостагӏалла ду гӏалгӏазкхашний, уьш болчу областашка кхалхийначу вайн муьжгашний йукъахь а. Къаьсттина луьра ду и мостагӏалла вайн муьжгий дукха кхалхийначу Уралан, Донан, Кубанан областашкахь.
Кхалхийначу муьжгийн а, бухарчу гӏалгӏазкхийн а йукъаметтигаш туземцашний, гӏалгӏазкхашний йуккъерчех тера хиларо а вайн аьтто бо и гӏуллакх нийса къасто. Оьрсийн муьжгий а, туземцаш а цхьатеррачу экономически, политически хьолехь бу вайн. Оцу хьелаша цхьана лагере нисбина уьш мостагӏаллица хьуьйсу ӏедало массо агӏор а шайл лакхарчу дарже хӏиттийначу гӏалагӏазкхашка а, цаьрца цхьаьна, ӏедале а.
Коьртачу бахьанех шолгӏаниг кхузара вайн урхалла ду. Кхузарчу йартийн урхалла, полицина йелла бакъонаш, туземцашна таӏзардар, школаш цахилар, иштта дӏа кхидерш а. Оьрсийн губернешкахь доцчу тайпана законаш хӏитторо а хӏокху туземцашний, дисинчу халкъашний йуккъе зайлаш туху.
Нагахь санна, муьлхха а йукъаралла шина декъе а йекъна, ӏедало цхьаннан экономически, граждански бакъонаш хеда а йина, вукхуьнниш лакхайаьхча, оцу шинненна йукъахь безам а, барт а, машар а хир бу бохург аьттехьа а ма дац. Хьалхарниг даим а хьогӏе, цабезамца хьоьжу шел лакхарчу дарже хӏоттийначу шолгӏачуьнга. Ткъа шолгӏаниг а тешна хуьлу ша хьалхарчул массо а агӏор лакхара хиларх. Цундела и ший агӏо вовшашка мостагӏаллица хьоьжу. Хьалхарниш – ма-хуьллу и бакъонаш цхьанийса хилийта, ткъа шолгӏаниш – и шайна сов йелла бакъонаш шайгахь совцо гӏерташ. Иза къаьсттина шера го хӏокху Теркан областехь.
Схьалоцур вай «Йартийн йукъараллин положени». Хууш ма-хиллара, станицийн атаманаш гӏалгӏазкхаша шаьш хоржу, ткъа туземцийн йарташкахь йуьртдай ӏедало хӏиттабо. Цул сов, ӏедало хӏиттийначу туземни йуьртдайн кара тӏех шуьйра бакъонаш йелла. Станицашкахь муьлхха а гӏуллакх, гӏалгӏазкхийн гуламехь дийцаре а дой, сацам тІеоьцу, ткъа туземцийн йарташкахь и гӏуллакхаш йуьртдас, цхьаьнгге а ца хоттуш, шеггара дерзадо. Йуьртахь ӏедал а, полицейски а, суьдхо а ву йуьртда. Цо диннарг нийса ду ӏедална. Ткъа оццул шуьйра ӏедал