Бакъйолу къонахалла бохамехь гучуйолу.
Вольтер
Сийсара тӏаьххьа вижинехь а, дуьнен чу садаржале самавелира ӏусман. Ши-кхо де дара Болатан зудчо Дешис регӏара шайн йол йалхайо. Стигал кхола йоьлча, сихаллехь бина хола хӏинца, догӏа масазза доьлху, бахкалуш лаьттара. Тахана иза цӏа бан а, кертана хьокхий кечдан а дезара Іусманан.
Хьалагӏатта мало йеш, ши бӏаьрг хьаббина, масех минотехь ӏиллира иза. Маьнги кӏел гуттар хьаьсарта йахана йекара цаьпцалг. Цхьана эшшара садоьӏура когашкахь Іуьллучу ӏумара а. Хӏетта дитташ тӏера чуйиссина котамаш, «кӏакӏ-кӏа-кӏакӏ» деш, кертахула хьийзара. Тӏемаш тоьхна, буьхьархӏоьттина, лергаш къардеш кхайкхира йоккха цӏен боргӏал. Ненан мотт баьсса бара. Йетт оза арайаьлла хир йара иза.
Метта охьа а хиъна, шозза-кхузза куьйгаш дӏаса а тесна, чӏениг лаьцна, «къарчӏ-къирчӏ» доккхуш йаьӏна а саттийна, коч тӏейуьйхира ӏусмана. Тӏаккха, маьнги йисте а хиъна, берзина ши ког кӏархаш чу а боьллина, хьалагӏеттира иза.
Тӏевахана, охьа а таьӏна, леррина веше хьаьжира ӏусман. Йуьхьа тӏехь цӏен бос богура. Мерехула цо доьӏучу сино лестадора хӏетта меракӏел довла доьлла ӏаьржа кӏеда чоьш. Цхьана эшшара ийъалора шуьйра накха. Безамах буьзна бӏаьргаш вешина тӏебоьгӏна а Ӏийна, иза сама ца ваккха гӏерташ, меллаша неӏ йиллина, уча велира ӏусман.
Аттана кӏел тесна эса дӏадаккха гӏерташ йоллура нана. Амма иза дӏадала ца туьгура. Корта хьийзош, тӏаьхьарчу когаш тӏе хӏуьттуш, кхоссалой аттана кӏел долий, шен тӏеда чорда муцІар къинхетамза шинах тухура эсо.
– Дакъаза ма дала хьо, хьо-м мацалла леш доллуш хилла! – эххар а, когаш гӏертош, тӏаьхьадан ца туьгу эса, логах бухка а тесна, такхийна дигна, кертах дӏатесира Айзас.
Даьссачу хьаьвди тӏехь лаьтта Эсетан а, Болатан а ши сту, ӏусман учахь хаавелла, схьа а хьаьжна, хьалхий-тӏаьхьий Іаьхира. Хӏара араваьллий хиира божалахь лаьттачу говрана а. Ворданан цӏа чуьра схьаэцна, цхьа мор сугӏа стерчашна хьалха а диллина, божал чу вахара ӏусман. Кӏант гучуваьлча, схьа а йирзина, мераӏуьргаш совсийна, хьастайелла терсира говр.