– Хьол тӏаьхьа бераш дуьсу-кх хьан, Васал.
– Уьш-м даккхий хиллера.
– Хӏета, тӏаьххьара а катохий вайша?
– Декхар дӏаделча, гӏиллакхехь-м хир дара.
– Кхоккха велур варий-те вайшинга?
– Цхьа хӏоъ а эрна бохуьйтуьйла-м дац.
Цӏа чу а вахана, йукъах шаьлта а йихкина, топ карахь аравелира Васал.
– Вало, МІаьчиг.
Иттех хьокха лаьттах тоьхча, йукъахбелира Солтханан болх. Цунна гӏуммагӏа чуьра кӏаьгнаш чу хи дуттуш хилла шийтта шо хенара доьзалехь воккхахволу кӏант Солта а дӏатаьӏира.
Нах регӏа ида боьлча, араиккхинчу зудчо Хьесабикас, гӏовталан даьсса пхьош а лаьцна, чуийзавора иза.
– Валохьа, стаг, берашца регӏа довла вай!
Зудчун мацах цкъа хаза хилла, амма хӏинца хьех чубоьжна кхоьлина ши бӏаьрг догӏанах боьлхура.
– Ма ӏехьа, Солтха, – майрачун цӏе йаьккхира зудчо. – Дойъур ду-кх цара вай…
Амма Солтха меттах ца волура. Цкъа зудчуьнга хьаьжира иза. Хьесабикин йуьхь докъан баса йирзинера. Хорша йеача санна йегайора буьххьехь пӀелг ӏоттал жима кӏаг болу хаза чӏениг. Хьаьжа тӏехула охьадаьхкина коьртан чоьш тӏедачу беснеш тӏе леттера.
– Ца вогӏу со. Чугӏо.
– Вай дойъур ма ду…
– Ма чІеӏа.
– Вай, воккха Дела, хӏун хир ду-те тхох?..
– Ма цӏийза ца боху хьоьга? Берашца чохь Іе.
Майрачо аьллачунна тӏехйала ца йаьхьна зуда, учахь ӏадийна лаьтта кхо бер а такхийна, чуйахара.
Меллаша ког боккхуш кех ара а ваьлла, дехьо лаьттачу жимачу гу тӏе хьалавелира Солтха. Кхузара дӏа ши бӏе гӏулч лаха чохь йара маьждиган майда. Солтха бендоцуш хьоьжура ворданашций, говрашкаххьий, гӏашший шайн сал-пал йадийна регӏа уьдучу къеначу нахей, зударшкий, берашкий. Солтханан дац стерчий а, ворда а. Хилча а, оцу тӏе а йоьттина, йадийна йахьа йийбар а йац цуьнан. И йийбар хилча а, вада ойла а йац. Цкъа-делахь, салташа шена хӏумма а дийр доцийла хаьа Солтханна. Иза туркойн тӏеман заьӏапхо ма ву. Цигахь хьуьнар гайтарна дато мидал а йелла. Амма иза а дац Солтха йуьртахь сецориг. Даг чохь ӏаьӏначу оьгӏазлонан кад тӏехтассалц буза лаьа цунна, хӏара дерриг шен бӏаьргашца ган а гина.
Солтханна шера го кешнашкахь кхехкабаьлла тӏом. Акхтин бӏаьхоша дика чӏагӏо лаьцна. Амма эрна йу церан дуьхьало. Йаккхийчу тоьпаша деттачу хӏоьънаший, чаччамаший, гранаташий дарц