дика хаьа. Иэшам хилахь – къийсамехь лийр ву, дийна висахь – дӏалоцур ву. Тӏаккха шеко йац и шиъ тангӏалкхаш тӏехь кхозург хиларан: хӏокху Нохчмехкан йерриг йарташкахь бохург санна, ӏедалан цӏенош – канцеляреш йагийна цаьршимма. Масех хьолада эхарта а хьажийна. Церан бахамаш мискачу нахана дӏа а бекъна. Дийна вуьтур бохург аьттехьа а дац!
Дӏатийра Нурхьаьжин иллин мукъам. Гӏийла декна, севцира пондаран мерзаш. Ткъа Къосам, стигала а хьоьжуш, ойланаш йеш Іуьллура.
– Хьо вистхуьлуш ма вац, Къосам? – хезира цунна доттагӏчун хаттар.
Нахана дика вовзац хӏара Нурхьаьжа. Вевза, дера, дегӏехь ницкъ болуш, онда стаг ву бохуш-м. Хӏокху Нохчмахкахь охьатохарх къийсадаларш хилча, даим а толам боккху цо. Оцу агӏор, хӏокху йуьртана-м хьовха, гонахарчу йартийн а дозалла ду иза. Амма кхидӏа вовзац. Хьекъална дукха генара а ца лору. Иза шена улло озийначу ӏаьлбагах а цецбуьйлу. Ткъа хӏокху, наьрт санна, зоьрталчу, ондачу, амма парталчу стагехь, хӏорд санна, кӏорга хьекъал а, собар а ду. Дог а ду къинхетамах дуьзна. Цундела веза иза Къосамна.
– Иллин ойла йора аса-м. Мел хаза ду иза! Къеначу дас-нанас шен цхьаъ бен воцу кӏант дӏало даймахкана!
Кевнехь дижина ӏуьллу жӏаьла, дера лата а летта, цӏеххьана дӏатийра. Бодашкахь гучувелира керта вогӏу кхо стаг. Герго гӏоьртича, Оьздамар а, Дадаш а вевзира царна.
– Шу лаа дуй, Дадаш? – хаьттира цаьршимма цхьатерра.
– Дера, дац. Хӏара хьакха лаьцна-кх оха, – кхоалгӏаниг хьалхатеттира цаьршимма.
– Мила?
– Тохтарха. Хайруллин вешин кӏант.
– Хӏунда?
– Ножин-Юьрта пурстоп волчу воьдуш. Хӏара кехат эцна, – Къосаме кехат кховдийра Дадаша.
Кехат карахь дӏаса а хьовзийна, гӏорасиз Нурхьаьже дӏахьаьжира Къосам. Вукхо а белш саттийра. Иза деша ца хаьара царах цхьанне а.
– Хӏун ду хӏокху тӏе йаздинарг? – хаьттира Къосама Тохтархане.
– Хаац.
– Хьо хӏунда вохуьйтура пурстоп волчу?
– Пурстоп волчу ца воьдура со.
– Тӏаккха?
– Тхешан гергарниш болчу.
– Буса хӏунда воьду?
– ӏуьйранна цӏахь хила.
– Хӏара кехат хьаьнга хьош дара хьан?
Тохтарха вист ца хуьлура.
– Хӏокху тӏехь дерг ца хаьа хьуна?
– Ца хаьа.
– Барта хӏумма а ала аьллерий?
– Ца аьллера.
– Пуьташ хӏунда йуьтту ахь, зуд? – цунна