ӏайган бисте кхаччалц берриг бахам, йалташ хӏаллак а дина, эскар гонах а хӏоттийна, дӏабуьгур буйла хаийта. Ӏаьлбаг мичхьа ву тахана?
– Симсаройн хьаннашкахь.
– Маса стаг ву цуьнца?
– Бӏе гергга.
– Бахархойн дог-ойла муха йу?
– Ладоьгӏуш Іа. Вайгахьа а ца бовлу, ӏаьлбагна тӏаьхьа а ца хӏуьтту.
Подполковнико Лохвицкийс доцца дийцира:
– ӏумма цигара дӏаваьлчхьана, Чӏебарлахь тийна ду. Залмин Дадас йукъ-кара сагатдо тхан. Амма кхераме хӏума дац.
Массаьрга ла а доьгӏна, отрядашна хьалха лаьттачу декхаршна тӏевелира Свистунов.
– Тахана гӏаттам Басса тӏе бирзина, господа. Ӏаьлбаган метта хьалхарчу плане ваьлла ӏумма. Хӏинца коьртаниг Басса тӏера йарташ Нохчмахках, Чӏебарлах, Дегӏастанах хадор ду. Цхьа а стаг Басса тӏера дӏаса ца волуьйтуш. Дӏалецначу меттигашкара хьаннаш хьакхар а, отрядашна кхача, докъар, транспорт латтор а бахархошна тӏедилла. Хьаннашкахь къайлабевлла мятежникаш, церан доьзалш леца командаш вовшахтоха – уггар майрачу гӏалгӏазкхех, нохчех, гӏалгӏайх, хӏирех. ХІор а лаьцна балийначу доьзалан, вийначу йа лаьцначу мятежникан цӏарах ткъе пхиъ сом ахча кхайкхаде. Йарташ йагор, йалташ хӏаллакдар, лецна нах йуккъерчу губернешка кхалхор – иза коьрта программа йу вайн. Амма йуьхьанца, цкъачунна, оцу тӏера йухадовла дезар ду. Коьртаниг – уьш хьаннашкара схьабахар. Тӏаьхьа кхуьур ду вай таӏзардан. Амма уьш шайн йарташкахь бита мегар дац. Бассахошна таІзар гуттар а луьра хила деза. Оцу тӏе дига гӏуллакх. Нагахь цара, шаьш ӏедалан кара а догӏу, къарделла а совцу бахахь, малло. Карабаьхкинарш цкъачунна цигара дӏа а бахий, гергахьо аренга кхалхабе, тӏаккха хуур вайна царна дадезарг а.
Іаьлбаг лоьхуш симсаройн хьаннашка вахана Овхьад, иза шен доьзал болчу хьажахІотта бенойн цхьана кӏотара Булгӏат-Ирзе вахна а аьлла, цига вахара.
Тӏерга-Дукъан малхбален йистехь, йуькъачу хьуьна йуккъехь, ӏуьллура и жима йурт. Кхузара дӏа, керайуккъехь санна, шера гора къилбаседехьа хьаннашца, раьгӏнашца йаьржина Іохку зандакъойн кхийолу йарташ а, кӀотарш а. Къилбехьа, ломан когашка а летта, чӏегӏардиган бен санна, гора Лоьман-КІарц. Цунна лахо, Яьссин йистехь, нийсачу экъан