Нагахь хьо стаг велахь,
Ахь адам ма лара
Даймехкан кхолламе
Бендоцуш хьоьжуш верг.
А. Навои
Йуьртден туркх астагӏа Даси, шен гӏогӏ детташ веана, Къайсаран кетӏахь сецира.
Даси, ала хӏума доцуш, дика стаг вара, амма берахь дуьйна, ва Дела аьлла ког ца хӏуттуш, декъаза кху дийне ваьллера иза. Шемалан заманахь тӏамехь дакъалаца жима хилла иза. Цхьана гӏуданна санна, Бойсагӏарна тӏаьхьа а хӏоьттина, дуьххьара хиллачу кхийссаршкахь тоьпан дӏаьндарго хенан даьӏахк йойна, цӏа валийра. Вуьшта а, мехкарий хьеггал хаза воцчу Дасис, йехха дӏакхийхьира шен кӏантстагалла. Иза кхин а гена гӏур йара, диканехь-вонехь тӏахъаьлла хьаьвзачу Акхболатан Ахьмада, йукъа а воьлла, цунна Васалан Хьоза ца йигнехьара.
Ирс ирсечунна тӏаьхьадолу, ткъа дакъазалла а лела декъазчун цІога лоций. Хьозин ден цӏера дакъазалла, цунна тӏаьххье йеана, Дасичух дӏакхийтира. Йуьртахь шен долахь мегачуьра меттиг йоцчу Дасис, цхьа маьлхан басе схьа а лаьцна, иза элхьамчех дӏа а цӏанйина, цкъачунна аьлла, цхьа лаппагӏа йуьйгӀира цига. ХІор а шарахь бохург санна, цхьацца бер хуьлура цаьршиннан, ткъа уьш а, хӏара тӏаьххьарниг доцург, дерриш а зудабераш дара. Стундас а, цуьнан доттагӏаша а гӏо деш, и шен ирзон коржам йуьйра цо, амма оцу тӏера ца долура ӏаьнах валлал йалта а. Йуьртден туркхалла лелорна туьха-мехкадаьтта эца йал лора цунна, иза а доккха хӏума хеташ, и гӏогІ текхош лелара Даси.
Хӏара Даси ша мел дика стаг велахь а, амма иза кетӏа вогӏу ца везалора цхьанне а. Йуьртдас Хортӏас ша волчу дӏакхайкхинарг цуьнан канцеляри чуьра цкъа а велавелла ара ца ваьллера.
Хӏетта кха тӏера цӏа веана Къайсар, ворда дӏа а хецна, ши сту хи тӏе бига кечлуш воллура. Кетӏа тоьхначу дуьйцинчу зӏара тӏе а тевжаш, хьалха чу а кхевдина, салам делира Дасис.
– Ва ӏалайкум салам! Схьачоьхьавала, Даси, – шен карара дукъарцаш дукъах а доьхкина, тӏевеара Къайсар. – Хьал-де? Могаш-паргӏат?
– Дика ду. Шу а деца могаш?
– Тӏаккха, хьо хьайн гӏуллакх дохьуш веана йа йуьртдас ваийтина?
– Йуьртдас.
– Хӏун боху оцу харано?
– Гуттар сиха дӏакхача.
Шен зудчуьнга Макке стерчий хи тӏе дига а аьлла, тӏерачу белхан барзакъца эвла йуккъе