Деши. Кестта цхьана агӏор дер ду хӏара.
Дешин ши бӏаьрг тӏунбелира. Дехий, ӏаьржа чоьш лестош, тохаделира бӏаьрнегӏарш. Иза йист ца хилира, оьшуш а дацара. Шинне а хаьара хӏара гӏуллакх мича агӏор дер ду. Белшах тийсина таьлсаш а нисдина, Овхьадан ӏодика а йина, дӏайолайелира Деши. Тӏаьхьа бӏаьрг тоьхча, цуьнан гӏодайукъ стомма хийтира Овхьадна. «Берах йу-кх иза», – даг чу иккхира цунна. Цхьана агӏор хазахийтира иза оцу хьолехь йолуш. Болат чӏогӏа лорура цо. Иза оьзда а, майра а кӏант хиларна. Цхьа стаг волчу цуьнан бер хилар доккха хӏума дара. ТІаккха шех къа а хийтира. Дерриг а галдаьллера Овхьадан. Цуьнан дуьххьара а, тӏаьххьара а безам бара и Деши. Иза а ца нисделира. ХІокхуьнан ден бахаммий, Дешин ден къоьллий бахьана долуш. Овхьадан-м ма бац бахам. Йа нехан долу да-нана а, вежарий а. Цхьа и ву-кх, гӏаж санна. Іуммин Дадин-м йезар а йу. Овхьадан иза а йац. Хир йу ала меттиг а бац.
Тхов тӏе латта тесначу лохачу кегийчу цӏенойн корехь, кетарх хьаьрчина, хиъна ӏара ӏаьлбаг. Кора тӏехь рамех товжийна лаьттара иккхинчу куьзганан жима гериг. Циггахь Іуьллура доккха, ӏаржделла тукар. Хӏинцца ваьлла иза йахйелла маж лоргуш, мекхаш тодеш болх бина. Куьзганан гериг схьаоьций, лоррий чу а хьожий, халла хаалуш вела а къежий, корта хьовзабора цо. Тохарлерниг вац. Маж-мекха йуккъехь кӏайн чоьш гучудевлла. Йуьхь а, кхехкийча санна, йу. Бӏаьргийн а, бетан а йистошкара, гезган маша санна, дӏасадаьржина хебарш. Мара а буткъбелла…
Цхьа кӏира ду Іаьлбаг меттахь ӏуьллу. Цхьанхьа шелвеллера а хаац, йа хӏокху йалх баттахь, вижар-гӏаттар доцуш, виллина дӏа дийнахь-бусий хехкавалар дара а хаац, цхьа кӏира хьалха доьзал ган Булгӏат-Ирзе веача, цӏеххьана цамгаро лецира иза. Шина-кхаа буса меттахь веттавелира ӏаьлбаг дагаро хьийзош. Дегӏ лозура, хьокха биттича санна. Сихдина хи муьйлура цхьа а чам ца хууш. Йуург хьахийча а ца мегара.
Селхана дуьйна чу са дан доьллера цунна. Зезагӏаза котаман чорпа а малийнера. Тахана жимма хӏума а кхаьллира. Хӏинца, шина-кхаа дийнахь ӏийча, гӏаттаваларе догдохура цо.
Коран цхьаъ бен боцу ангалин бӏаьрг хьохуш, раз догӏа деттара арахь. Ӏаьлбаг воьжчахьана, хьерайаьлла