– Хӏокху къаношка кхел йайта реза вуй шуьшиъ? – хаьттира ӏаьлбага бехкечаьрга.
– Со реза вац, – сацамболлуш корта хьовзийра Хайруллас.
– Со а вац, – цунна тӏетайра Товсолта.
– Шу реза цахиларан бахьана хӏун ду? – хаьттира ӏаьлбага.
– Цкъа-делахь, ворхӏе къано бехкебечийн бартахой бу, шолгӏа-делахь, ӏеламчашна тӏехь кхел йан бакъо йац ӏилманехь царал лакхахь болчу ӏеламчийн бен.
– Муьлхачу жайнахь йаздина ду ӏеламчашна тӏехь кхел йан ӏеламчийн бен бакъо йац аьлла? – хаьттира Іаьлбага.
Хайрулла вист ца хилира.
– Наха къастийначу хӏокху къаноша кхел шарӏаца йийр йац, – элира ӏаьлбага, аз айдина. – Вайн къоман ӏадатехь йийр йу. Шолгӏа, хӏокху гӏаттаман тхьамданаша дуйнаца чӏагӏдеш делла дош ду, маршонан гӏуллакхна йамарт хилла, цуьнан мостагӏашна гӏуллакхций, маттаций, куьйгаэшарий, йозанций – муьлххачу некъаца а гӏо динчу стагана тӏехь хьакъдоллу таІзар дан. Иза шен да-нана, йиша-ваша, доьзалхо – милла велахь а. Нагахь шуьшиъ бехке каравахь – таӏзар ду шуна, бехказа велахь – маьрша вуьтур ву. Реза вуй шуьшиъ?
– Ца хилча волий тхойша?
– Ткъа хьо, Товсолта?
– Вац. Тхоьгахьа а, шуьгахьа а озабезам бийр боцу нах харжа къаной.
– Наха хаьржинарш бу кхуза хевшинарш. Оха ворхӏамма дуйнаца чІагӏо йо, шун гӏуллакх, озабезам, хьагӏ йоцуш, цӏеначу даггара къасто.
Дуйнаца дерг чекхдаьлча, нахе вистхилира ӏаьлбаг.
– Мила ву хӏара лаьтта Хайрулла а, Товсолта а бехкевийриг? – хаьттира ӏаьлбага.
Тобанна йукъара хьалхавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а, Акхта а.
– Шаьш харц тоьшалла дийр дац алий, нахана а хозуьйтуш хӏокху Къуръан тӏехь дуй баал.
Кхааммо а дуй биира, шаьш цхьа а дош харц эр дац аьлла.
– Маьхьсин Нуржьаьжа, дийцал, ахь стенна бехке во хӏара лаьтта молла Хайрулла?
Нахана хозуьйтуш мохь тоьххана Нурхьаьжас йийцира молла Хайруллера йевлла йамартлонаш. Амма цӏе ца йаьккхира цуьнан вешин кӏентан Тохтарханан. Нурхьаьжас дийцинарг бакъхилар чІагӏдира Дадаша.
– Шаьш дийцинарг чӏагӏдан теш вуй шун? – хаьттира Хайруллас.
– Ву. Амма оха дош делла иза ца вийца.
– Хӏета, эрна ду-кх аш лелориг, – паргӏатваьлла, доккха садаьккхира Хайруллас.