дийриг делла. Ткъа Флоровгӏеран, Яицковгӏеран, Гуняшингӏеран, Федошкингӏеран, кхин дуккханийн а бахаме а, мехкашка а хьажал. Хӏораннан долахь ах эзар десятинаш латта а, шортта даьхний а, гӏаланаш санна, цӏенош а ду. Шен долара мохк эзар десятине бовлурш а бу. Цаьргара мохк гуттаренна а церан долабаьккхина, тӏаьхьарчу тӏаьхьенна бита а бакъо йолуш. Ткъа вайшиннан итт-пхийтта десятин, вайша паччахьна гӏуллакх дечура ма-сеццинехь, дӏайоккхур йу. Тӏаккха мила хир ву вайшиннах? Муьжги йа нохчо! Оцу Флоровгӏеран, Федюшкингӏеран йалхо.
Северцовс леррина ладоьгӏура салтийн а, гӏалгӏазкхийн а девне. Церан къийсаман дуьхе кхиира иза.
– Хьо бакълоь, Астафьев, – элира цо. – Амма Петровича буьйцучун а бу цхьа бух. Со-со гӏалахо велахь а, гӏалгӏазкхийн областашкахь дукхазза а хилла со. Церан ӏер-дахар, ойланаш, амалш, гӏиллакхаш а девзина. Лечкъийна хӏун до цуьнан, шуна, гӏалгӏазкхашна, шайн сословера воцу стаг лахара ма хета. Уггар къечу гӏалгӏазкхичунна а шен йоӏ маре йала лаац хьалдолчу муьжгичуьнга а, мещанине-м хьовха, совдегаре а. Церан йоӏ йало а лаац. Уьш шайл лахара хеташ. Гӏалин белхало-м гуттар а лахара ма лорийца. Ӏедало шатайпа шуна хьелаш даларо курадаьхна шу.
– Тхоьлахь а бу къехой а, латта доцурш а, – йукъаиккхира Агеев.
– Ас а ца боху шу цхьатера ду. Шу а декъало масех декъе. Дворянаш-эпсарш, хьолахой, йуккъерниш, могӏарениш, къехой. Амма паччахьна гӏуллакх ден хена чу вахча, хӏор а гӏалгӏазкхичунна 10–15 десятина латта ло ӏедало. Малхбалерчу гӏалгӏазкхийн областашкахь гӏалгӏазкхичо пайдаоьцу мохк бӏе десятинера хьала диъ бӏенга а болу. Шуна латта ло, паччахьна гӏуллакх дича. Муьжгичунна, туземцана ца ло. Къен гӏалгӏазкхи латта доцуш вац къен. Латта лело цхьаволу цхьа белхало цомгаш хуьлий, тӏамехь воьй, байлахь бисина доьзал къийло. Йа говраш а, бахаман гӏирсаш а ца хилча а дуьсу цуьнан латта эрна. Амма муьжгичун а, нохчочун а стерчий, говраш, бахаман гӏирсаш хилча а, латта дац. Шо-шаре мел дели, церан доьзалш деба, ткъа латта хьалхалерниг дуьсу. Гӏалгӏазкхичун кӏентий баккхий хилча, цара зударий балийча, царна хӏоранна а ткъе итт десятин латта ло станицин