Дерриг а къийсамехь кхоллало.
Гераклит
Тӏе къорза истанг тесначу поппаран маьнги тӏехь наб йеш ӏуьллучу Михаилан когашка цӏен чкъуьйриг йолу кенийн гӏайба гӏевланга а биллина, чуччадохуьйтуш ши куьг коьрта кӏел лаьцна, аркъал охьавижира Коьра. Корта а баьшна, маж-мекх лергина хилар бен, вуьшта йалх бутт хьалха ша ӏаьрчхе веанчу куьце вирзинера иза. Хӏетахь санна, оза, беснеш чу а эгна, кӏуьскаш тӏе а йевлла. Бӏаьргашна шиний агӏор а, хьаьж тӏехь а хебарш дара. Уллохь ӏуьллура Нохчийчоьнан цо ша хӏоттийна а, трофейни а ши карта. Ша хӏоттийначунна тӏехь цо билгалонаш йинера тахана паччахьан эскарш лаьттачу а, цара хьалхатаӏа сацамбинчу а, уьш хьалхатаӏа там болчу а меттигийн. Уллохь тетрадь а дара, йозанаший, терахьаший къарздина. Оцу тӏехь Коьрас леладора Нохчийчохь долчу эскарийн дакъойн, церан герзийн ницкъийн а хьесап.
Коьрас ойланаш йора хӏокху тӏаьххьарчу йалх баттахь шаьш биначу некъан. Хӏан-хӏа, генна бераллера дуьйна схьа. Цкъацкъа, вулий, кхин а кӏорге воьдура. Бӏе шеран кӏорге. ХІокху маршонан къийсаман йуьххье. Шен денда Маьнтик шел а къона хиллачу хене.
Коьрина дагадеара нийсса шийтта шо хьалха цхьана буса дас шега дина къамел. Ша Турце дӏакхалха сацам тӏеэцначу буса. Хӏетахь пхийтта шераш долу Коьра, ӏаьлбаг, Къайсар, кхин дуккха а кхиазхой кечлуш бара маршонехьа къийса. Цабешара дайх а, дендайх а. Цара маршонехьа болу къийсам сацорна, уьш кӏиллой лорура. Оцу буса Мӏаьчига элира цуьнга, аш лелочух гӏуллакх хир дац: шен да а, денда а, цуьнан да а велла маршонехьа къуьйсуш. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ву, цуьнан мохк боккха бу, цуьнца ларор дац, маршонах дог а диллина, совца деза, бехира цо. Амма Коьра цавешира цо дуьйцучух а, йа Къайсар – Ойбах а, йа ӏаьлбаг – Олдамах а ца вешира. Кхин эзарнаш кегийрхой а цабешира шайн дайх. Шаьш дайл хьекъале а, майра а хетара. Цара хӏетахь дуй биънера, шаьш даккхий хилча, йа маршо йаккха, йа къийсамехь эга.
Шийтта шарахь ладийгӀира цара кху дийне. Кхузахь – накъосташа, ткъа генна Турцехь – Коьрас а.
Хӏокху денна кечвала вахара Коьра туркойн эскаре а, епсарна деша а. Йала йоллу йиша а, цуьнца да а Мурат-хин тогӏехь а