беана, боху цо.
– Схьачукхайкха. Мичахь ву прапорщик Мовсаров? Чехка схьалаха иза.
Дукха хан йаллале шалха а вахана, четарна чувелира лекхачу дуьзначу дегӏара горга маж, стаммийчу балдашна шиний агӏор кхозуш деха, месала мекхаш долу стаг.
– Дарасти, инарла! – элира цо, можа йаккхий цергаш гучу а йохуш.
– Здравствуй, здравствуй, кунак! – корта таӏийра Смекаловс. – Хьо мичара ву?
– Бено, бено!
– Хьо хӏунда веана?
– Симсар, ӏаьлбаг.
– Охьахаа, – дуьхехь лаьтта лоха гӏант гайтира инарлас беночунна.
Хӏара шиъ, хабар дийца йиш йоцуш, хиъна ӏаш, эххар а Пруссаков схьакхечира прапорщик Мовсаров Элби а валош.
– Хаттал цуьнга, прапорщик, цӏе хӏун йу, мичара ву.
– Ша бено ву, цӏе Айсолта а йу, боху цо, хьан локхалла.
– Хьо хӏунда веана?
– Со ӏаьлбаган тобанца вара, инарла. Цунах ведда веана со.
– Хӏунда?
– И зуламхо а, цуьнан гӏера а лаца хьуна гӏо дан.
– Муха?
– Йерриг цуьнан къайленаш хаьа суна.
– Схьадийцал, хӏун хаьа хьуна?
Айсолтин мукадехкачух тера горга, цӏен ши бӏаьрг сутара къегира.
– Маьхза гӏуллакхаш ден зама йац хӏара, кӏант, – элира цо Элбига. – Ас ӏаьлбаган къайленаш шега йийцича, суна хӏун пайда хир бу хаттал инарле.
– Тхуна ца хууш къайленаш йац мятежникийн, ала цуьнга, – элира Смекаловс, Элбига ла а доьгӏна.
– Хӏета, сан дийца хӏумма а дац, – голаш тӏе ши куьг тоьхна, хьалагӏотту кеп хӏоттийра беночо.
– Хӏун до цо? – хаьттира оьгӏазваха воьллачу Смекаловс.
– ДІавоьду со-м.
– Тхешан каравеана мятежник иштта дӏавахийтац оха. Лаций, цхьанхьа чуволла иза.
Элбис гочдира инарлин дешнаш.
– Ахь бертахь ца дийцахь, бертаза дуьйцуьйтур ду хьоьга, Айсолта, инарла оьгӏаз ма вахийта. Хьо чуволла, боху цо.
– Со хӏун динчунна вуллу чу?
– ӏаьлбагна тӏаьхьа а хӏоьттина, ӏедална дуьхьало йарна.
Айсолта, цавешаш, велавелира.
– Хьан боху, со ӏаьлбагца хилла?
– Ахь айхьа боху-кх.
– Со цхьаьнггехьа а вацара. Цунах а, шух а кхоьруш лелла.
– Хӏинца?
– ӏаьлбаг кхераме хуьлучуьра ваьлла хӏинца.
– Хьо бехке вара-вацара ца хьехош, ша оьгӏазводахь, инарлас тоьпаш тухур йу хьуна, Айсолта. Цул хьайга бохург де. Мел мах боьху ахь хьайн къайленах?
– Оцу инарле хаттийта ахь, тӏаккха ас жоп лур ду.
– Цуьнан цӏарах хоьтту ас хьоьга.
– Суна мах ца