вай тахана, – элира цо, цӏенкъа йаржийначу цӏеначу къожа тӏе охьа а хууш. – Кхузахь чӏагӏдала гӏерташ, арахьа дерг дицдина. Солтмурд, мичахь бу хьан бӏаьнбӏаьргаш?
– Дуьйра-Коьртаний, Симсарний гонаха шишша-кхоккха чаккхарма хьалха массо некъашка хӏоттийна пхиппа бӏаьхо ву сан, амма царах цхьа а, хьуна ма-гарра, хаам бохьуш ца веана. Схьахетарехь, йоккха топ генахь йуьйлу.
– Ахь Бена хьажийна стаг?
– Йуха ца веана.
– Туьпара дӏавахана стаг вуй?
– Вац, вайгара пурба доцуш-м.
– Айсолта ма вац гуш? – хаьттира Раджаб-ӏелас.
– Селхана, Бенойн-Ведана воьду аьлла, вахана иза.
– Хьоьга хаьттина ваханий?
– Вахана, дера. Цигарчу шен жах хӏун хилла хьажа.
Ӏаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.
– Айсолтех ас жоп ло, – элира Солтмурда. – Суна дика вевза иза. Тӏе, цо дуккха а гӏо дина вайна.
– Цо вайн нахана йийна ткъех хӏора хьехайо хир йу ахь? Ма доккха хӏума хили хьуна царах! Цуьнан-х уьш масех бӏе бу. Хьо йукъара-м хилла цунна. Амма со реза вац цуьнан бӏаьргашна. Мукадехкачух тера бу уьш.
– Хаац, ӏаьлбаг-Хьаьжа, хьуна хӏун хааделла, суна иза а, цуьнан да а вевза. Вон нах бац уьш.
– Ткъа мичара баьлла цунна шен бахам?
– И ца хаьа суна.
– Хӏай-хӏай!
– Хьо ма тӏаьхьа шекваьлла цунах? – вусавелира Солтмурд. – Хьалххе хӏунда ца олура ахь?
– Тӏаьхьа-м, дера, ду сан шеквалар. Дукха бохкабелла бенойх а. Джаму, Джамал, ӏусман. Уьш гучубевлларш бу, ткъа къайлах мел хир бу уьш.
– Цхьа бенойх бевлла ца ӏа ишттаниш. Уьш кхо жӏаьла даррехь гучудаьлла, ткъа зандакъой, йерриг йарташца бохург санна, дуьхьалбовлар дицделла хьуна? Ткъа – чеччалхой, даьттахой, зандакъ-арахой?
– Тӏехбеттамашка ма довлал, – йукъавуьйлира Раджаб-ӏела. – Гирзе жий йукъахь боцуш жа хилац. Йоккха топ йуьйлу ца хеза шуна?
Йукъа ткъех минот йолуьйтуш, хӏинца пхоьазлагӏа йелира йоккха топ. Иза подполковник Козловский вара Даьттаханий, Зандакъаний йуккъехь лагере хӏоьттина. Дахкарх пайда а эцна, шина ротиций, гӏалгӏазкхийн сотниций, цхьана йоккхачу тоьпаций чеччалхойн дукъаца охьа а веана, Яркхсуна тӏекхачале сецнера иза. Симсарна улло а веана, амма йуьртана тӏелатар ца деш, кхийссарш йарца гӏовттамхойн ницкъаш шена тӏеберзо декхар дара цуьнан. Амма