ойла йу церан.
– Ломан го къовла а ца кхии, хӏусамашкахьа а девлла.
– Хьанна хаьара иштта сиха уьш схьабогӏур буйла. Шен эскарца инарла Дегӏастана воьду бохуш, хаамаш ма бара.
– Хӏилланна эладита даржийна хилла-кх.
– Хӏан-хӏа, иштта омра дара Буру-гӏалара. Схьахетарехь, ойла хийцина цара. Дегӏастанахь цигара эскарш шаьш ларийна, кхузарниш ӏаддадитина хила а тарло… Уьш ма дӏатийна?
– Хьажа гӏой со?
– Кхераме ду.
– Хӏумма а дац. Текхаш берда йисте а вахана, чухьожу со.
Берда йисте ваьлла, чухьаьжначу Къайсаран дегӏа тӏехула шело хьаьдира. ДІаса а йаьржина, йоккха йукъ лаьцна хьалагӏертара керла тӏекхиъна салтийн отряд. Масех минот йалале уьш ломан бухьа тӏе бевриг хиларан шеко йацара. И ший а агӏо цхьа а стаг воцуш хецна йара гӏовттамхойн. Текхна ши-кхо гӏулч йуха а ваьлла, гӏеттина, охьа а таьӏна, ведда Коьрина тӏевеара Къайсар.
– Орца кхаьчна царна. ДІаса а баьржина, хьалагӏерта.
– Элсега шен нахаца схьавола алахьа.
– Цигахь ков доьллу вай?
– Иттех стагаца Акхта вуьтур ахь.
Куринцаш, хьерабевлча санна, хьалагӏертачу хенахь ткъех стагаца тӏекхечира Елисей. Салтийн хьалхара могӏа, хьала а баьлла, йукъа берданкаш йассийна, «ура» аьлла маьхьарий а тоьхна, цхьамзанаш хьалха а лаьцна, чухьаьлхира. ГІовттамхой цкъа тоьпаш йассо бен ца кхуьуш, чуччабахара шиний агӏорниш.
– Йетта боьхангашна! – мохь тоьхна, хьалха чухьаьдира Елисей.
Шен некха тӏе хьажийна цхьамза тоьпан йуьхьигца агӏор а кхоьссина, лерга йуххе тоьпан бух тоьхна, зоьртала салти аркъалвахийтира цо. Елисейн маьхьарх иза вевзина стомма ворта йолу урядник цхьамза тоха чукхоссавелира. Амма Елисейс, шен карара топ йуьстах а кхоьссина, каде агӏор а сеттина, аьрру куьйга цхьамза а лаьцна, шаьлта йахийтира цуьнан кӏедачу гайх.
Виноградовн колоннин а аьтто баьллера лома тӏе хьалайала.
Тенгинцех къастийна подпоручикан Голенищев-Кутузовн команда, гӏовттамхошна кхераме йац моьттучу ирх бердашкахула лома тӏе а йаьлла, Акхтина тӏехьахула тӏелетира. Кхузахь эрна хилира Іаьлбаган майралла а. Хьалабевллачу Виноградовн куринцашна дуьхьал лета иза масех стагаца йукъаваьхьира букъа тӏехьахула тӏелеттачу тенгинцаша. Вовшашна