дукха мах лур бара царах…
– Орца ала, Янаркъа, айла богу хьан! – пІелг хьажийра Хьайбуллас.
Баккъал а, цӏергахь лелхачу тӏедачу арчанах схьаиккхинчу суйно цӏе йиллинера Янаркъин хечин айлех. Дилимхочо забар йо моьттуш, шеквоцуш Іийна Янаркъа, чу-кӏел ка а тоьхна, хьалаиккхира:
– Охӏ, бакъ хила а ма доллу хӏара-м!
Гонах ӏен нах гӏадбахана бийлабелира. КІажвахана Хьайбулла, ша ӏаччохь дӏа а хаьрцина, керчара. ДоттагІчунна орцахваьллачу Михаила сихдина ло туьйсура Янаркъин гӏаш йуккъе. ЦІе йаьлла меттиг чим хиллалц хьекха а йина, шен забархочунна тӏевирзира Янаркъа.
– Эхӏ, Дела реза хуьлда хьуна, Хьайбулла! Хьуна и ца гинехь, маьӏӏаргонна боьршалла а йаьгна вуьсур-кх со!
– Баьгнехь, дика хир дара, Янаркъа, баьгнехь, хьан ирс бара, – бӏаьргех оьху хиш дӏахьоькхура Хьайбуллас. – И боьршалла вайна оьшучуьра дӏабаьлла!
– Ма алалахь иштта! Цхьанхьа цавевзачохь Іожалла хилахь, хӏара нохчо боьрша а хиллий-те бохуш, нах боьлур бу сох…
Накъостийн забарш дӏатийча, халла дешнаш къаьсташ, лохха иллин мукъам болийра ӏаьлбага, ткъа Нурхьаьжас тӏаьхьара гӏигӏ бира:
Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,
Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла.
Хӏай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа,
Ма ӏиттахьа тхан коча гӏиллакхаш хийра.
Латта ахь дӏадаьккхи, маршонах дехи,
Лай хилий, кӏелсаца халкъе ахь боху.
Дитахьа кхузахь тхо машаре даха,
Цхьаьнгге а, хӏумма а ца доьху оха…
Елисей ца кхетара иллин дешнех. Амма, Іаьлбаган аз чагІделча, цӏеххьана корта хьала а тесна, цхьа тамашийна хазачу озаца тӏаьхьара ойъуш, гӏигӏ бира цо а.
ГІеттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,
Зуламхо кхайкхавой, ахь тӏепаз войъу.
Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтачийн арданг,
Тхан цӏийца совгӏат деш, ахь даржехь ойъу.
Тхо цкъа а ца гӏиртина нахана новкъа,
Кхечеран маршо а лийрина оха.
Гӏийлачун, мискачун гӏодина оха,
Хӏай паччахь, дитахьа тхо машаре даха…
Вукху шина цӏарна уллорниш а хӏокхарна тӏегулбелира. Йуьхьанца доьхна доладелла илли, цхьа гушвоцчу дирижеран куьйгаллина кӏел дахча санна, низаме деана, ӏаннашца, аьрцнашца кхерстира.