бӏаьргаш а боьгӏна. – Хьо оха хаьржина. Тхан лаамца хилла хьо имам. Оха тхаьш хьо дӏатасале, тхо дӏатийса бакъо йац хьан.
– Нийса боху Акхтас! – йуккъера схьа мохь туьйхира Сулимана. – Вай биъна дуй бицбина ахь, ӏаьлбаг-Хьаьжа?
– Хӏаъа, ткъа, – гӏо лецира Янгӏулбис. – Вай дуйнаш биъна тӏаьххьара минот тӏехӏотталц лата а, дала а.
Елисей, цхьа-ши гӏулч хьалха а ваьлла, ӏаьлбагна улло хӏоьттира.
– Хьох ваьлла ваха меттиг бац санний, Михаиланний.
– Шун-м аьтто бара, Элса, кӏелхьардовла. Росси йоккха йу, массанхьа а оьрсий бу. Генна цхьанхьа дӏа а гӏой, цӏе а хийций, ваха хаа.
– Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг. Кханехьа тӏай дагийна охашимма. Хьоьца бу тхан кхоллам, кхин хабар ца дуьйцур вай.
Коьрий, Къайсаррий вист ца хуьлуш лаьттара. Ӏаьлбага хӏуъу дийцахь а, цунах къаьстийла дацара цаьршиннан!
– КІентий, со ӏожаллина тӏе ма воьду! – аз айъира Іаьлбага. – Дегӏастанарчу вайн вежарша дӏа ма кхайкхина со. Цара кхойкхург со ма ву, шу ма дац.
Нахана йукъахь гӏовгӏанаш йевлира:
– Тхо къаьстар дац хьох!
– Хирг цхьаьний хир вайна!
– Вешан дуй ларбер вай!
Церан бӏаьргаш чу хьоьжуш, маьхьарий совццалц вист ца хуьлуш лаьттира Іаьлбаг.
– Дика ду, кӏентий. Чевнаш хилларш тховссехь дӏасагӏур. Могаш-таза верг соьца дӏавола. Азаллехь йаздинчух девр дац вай.
Нах дӏасабевлча, Овхьадна тӏе а вахана, иза а эцна, йуьстахвелира ӏаьлбаг.
– Овхьад, хьо кхузахь, цӏахь, вуьсу, – элира ӏаьлбага, цуьнан пхьарс лаьцна.
– Хӏунда? – цецвелира Овхьад.
– Тахханехь ӏумма-Хьаьжина тӏе йухагӏур ву хьо. Кхузара гӏуллакх чекхдаьллийла хаийта цуьнга. Со цхьа кӏеззиг нахаца Іаьнда вахана а ала. Кхин йуха ца хьийза. Сайна тӏаьхьа дӏавар цуьнан лааме дуьллу ас. Амма тхойшиннан декхар ду дегӏастанхошна гӏодар. Гӏо ца далахь а – цаьрца къийсамехь вожар. Уггар хала киртиг тӏехӏоьттинчу деношкахь даим а суна уллохь хилла ӏаьндой, суьйлий. Царах дуккха а турпала эгна вайн лаьмнашкахь, хьаннашкахь. Вайн а, шайн а маршонан дуьхьа. Хӏинца рагӏ вайга кхаьчна.
Ӏаьлбаг дӏатийра. Цецваьлла цуьнга дӏахьаьжначу Овхьадна гира бӏаьрнегӏар тухучу йукъана имаман бӏаьргаш чохь иккхина доза доцуш йоккха гӏайгӏа. Амма Овхьад хазза хьаьжна а валале, йуха а, даим санна,