– Йезац суна, – гӏийла жоп делира вукхо.
– Хьайна бала бо ахь. Вай делхарх, хила гӏо ма дац. Рицкъанаш делехь ду.
– Хьо тховса цӏахь вуьсий? – кхоьлина ши бӏаьрг Болате хьалахьажийра Дешис.
– Дера вуьсу. Тоьур ду идар.
– Салтий багӏахь, хӏун дийр ду?
– Хезаш хӏума-м дац. Багӏахь – богӏур бу-кх. Цул, уьш а дитий, суна а гуш, хӏума кхаллахьа.
Боги чу йехкина галнаш а, жижиг а шена хьалха а оьзна, майрачунна тамбархьама, дог ца догӏуш хӏума кхалла гӏоьртира Деши. Амма, халла цхьа гала а, кӏайчу жижигах цхьа-ши хьаса а кхаьллина, сецира.
– Реза вац со ахь лелочунна, – когара мачаш дӏа а йаьхна, маьнги тӏе велира Болат.
– Хӏунда? – ца кхийтира Деши.
– Хӏума йаа ма йеза. Хьан хьолехь йолчу зудчунна дегӏера ницкъ эшар кхераме ду, ма боху.
Дешис доккха садаьккхира.
– Сан ирс делахь, йелла дӏаер йу.
Болат дӏатийра. Цхьадолчу готтачу корехула чукхета серло кӏез-кӏезиг лагӏлуш, чохь бода хӏотта буьйлира. Генадоццуш хезара ловзучу берийн гӏовгӏанаш. Маьхьаршна йукъахь къестара Мохьмадан шатайпа омране аз. Эсета, цхьаъ бен вац, Аьрзун тӏаьхье йу бохуш, шен йоӏбӏаьрг санна ларвора кӏант. Амма Мохьмад ца туьгура ненан буйна верза. Иза аьрха, амма хӏуманах кхеташ, хьекъале кхуьура. Ден цӏий ца ӏара шениг дитина.
Цхьаццанхьара схьахезара зударийн а, божарийн а маьхьарий. Лакха тӏехь, шина чуьрте а ваьлла, цхьаъ-м кхайкхош воллура Даси. Бераш цӏа кхойкхучу нанойн маьхьарий а хезара. Цхьаболчара хьоьстуш, шолгӏачара – кхерамаш туьйсуш, чехош.
Берийн маьхьаршка ладоьгӏучу Болатан йуьхь сатийсаме йекхайелира. Ма дика ду-кх хӏара Деши берах йолуш! Нагахь лаьцна вигахь, валаза а висахь, итт-пхийтта шо даьлча, цӏа вогӏур ву иза. Тӏаккха цӏахь гӏеметта хӏоьттина кӏант карор ву цунна. Данчӏин кӏур бовр бац хӏинца…
– Деши, улло йолахьа.
Йезза гӏеттина, тӏе а йахана, цунна улло охьахиира зуда.
– Ма дика ду-кх хьо иштта йолуш! – элира Болата шен дагахь дерг, цхьана куьйга зуда мара а къевлина.
– Тхойшинга хӏун дика хьегийта воллу хьо? – шен бесни Болатан беснех таӏийра Дешис. – ХІокху эвлахь жоьра бисинчу зударша хьоьгург ца го хьуна?..
– Кхоьру хьо?
– Кхоьру. Хьох йаьлча, тоха са дац сан…
– Дала собар лур ду.