Йуьхьанца тӏебаьхкинарш маьрша битира. Уьш Іаӏӏалц. Тӏаккха кӏез-кӏезиг царна йукъара леца болийра. Ӏедалан тешнабехк гучубаьлча, важа бисинарш тӏебахка ца туьгура. Царна дуьхьал а герз карийра ӏедална. ЦІахь болу церан доьзалш, лоьцуш, дӏабуьгура Хаси-Юьрта, Ведана, Шуьйта, Соьлжа-ГІала а. Уьш цигахь латтабора бехкениш тӏебахккалц. Йерзинчу стигал кӏел. Меттигерчу бахархоша царна бохьу кхача а цаьрга дӏа ца лора уьш мацалла ца балийттал бен.
Болатна шера хаьара изза хьал кхузахь а хӏоттор дуйла. Тховса-кхана бохуш, ладоьгӏуш ӏара. Ӏаьлбагера пурба хилча, шен лаамехь тӏе а гӏур вара иза.
Берсех дагавала сацам хуьлура цкъацкъа. Амма иза а ву-кх Шелахь, оцу мостагӏийн арданга йуккъехь. Болатна шера ма бевза шен йуьртахой.
Хӏан-хӏа, шен лаамехь ӏедалан кара ца воьдуш, ӏаьлбагера хааме ладугӏур ду цо. Нагахь дӏалаца багӏахь, водур а вац.
Буьйса йоьллера. ХІокхунна тӏехула пхьарс тесна, тийна ӏуьллура Деши.
– Деши!
– Хӏай!
– Хьо сема йуй?
– Хӏаъ.
– Шийтта шо хьалха Хонкаран махкахь Муш шахьарна уллохь, Мурат-хин тогӏехь туп тоьхна, севццера биъ эзар гергга нохчийн доьзалш. Туркойн, оьрсийн паччахьийн бартаца махках баьхна. Оцу шина ӏедало, мецачу жӏаьлеша даьӏахк санна, вовшашлахь къуьйсура тхо. Туркойн ӏедал тхо Россин дозанца дита гӏертара, ткъа оьрсийниг – шайн дозанна генна дӏадаха. Цара и къийсамаш бешшехь, тхо хӏаллакьхуьлура, мозий санна. Тхуна кхийдочу махке хьовса а бахана, йухабогӏучу векалша, айъина валийна, тхан буьн чу охьавиллира сан да. Лен цамгар йара цунна кхеттарг. Хӏетахь шийтта шо дара сан. Сол жима йиша а йара сан. Човка. Тхойшинна наб кхетта моьттуш, тийна йелха хӏоьттира тхан нана. Леш воллучу тхан ден а, шина бераца хийрачу махкахь йуьсучу шен а ойла йо хир йара цо. ЦІа-цІе а, даа-мала а дацара. Хӏор а дийнахь бӏе сов стаг лара туьпахь. ДІабохка а ца кхиош. Мацалла а, махкалла хилла а. Ца йоьлхийла а дацара ненан. И санна эзарнаш наной боьлхура хӏор а буса. Тӏаккха тхан да кхайкхира цуьнга. «Хеда! – элира цо. – Ма йелхахьа, Хеда. Сайн дейтта шо кхаьччахьана дуьйна, виллина тӏеман цӏергахь кхиъна со. Вайн къоман маршонан дуьхьа леташ, вайн даймохк, доьзалш ларбеш.