Цара дуьйцу дерг хаьара Берсина. Гӏаттам, хьаьшна, чекхбаьллера. Хӏинца цуьнан тӏаьхье листа арабевлла хир бу-кх и чалтачаш.
Рузба чекхдоллуш маьждиган майдана кхечира Берса. Амма нах маьждиг чуьра ара ца бовлура. Майданахь хоттан уьйриг бара, ткъа тӏедоьлху догӏа а, ло а, тӏетта хьерадийлар бен, лагӏлуш дацара. Схьахетарехь, хьеший схьакхаччалц маьждиг чохь соьцура нах.
Уьйтӏахь шен карарчу гӏожах хьаькхна мачаш а цӏанйина, неӏарна тӏехула йолчу лабанна кӏел хӏоьттира Берса. Цигахь лаьттара, хӏара санна, рузбанца гӏуллакх доцу сагатделла веана масех стаг а.
– Уьш хӏун деш соьцу цу чохь? – резавоцуш хаьттира ткъе итт шо хенарчу цхьана векъаначу стага, массеран йаххьаш тӏехула бӏаьрг а тухуш.
– Бевлла бац хир бу.
– Ой, Делан Къуръанор, хӏинца-м Маккара хьаьжой бовлу хан а ма йу!
– Юсуп ву цу чохь хьехам беш.
– Мила ву иза?
– Соьлжа-Гӏалара вайн коьрта къеда.
– Цо хӏун дуьйцу?
– Хьанна хаьа, ӏаьлбаг-Хьаьжагӏар нажжазбеш хир ву-кх иза а.
– Хӏай, дела ве и седа дуьхьал! И дакъаделла заӏар дара кхуза кхачаза дисинарг!
– Іаьлбаг-Хьаьжин хабар хезний шуна?
– Мичахь ву хаац.
– И цхьаъ воцург, массо а Дегӏастанахь схьалецна, бах.
– Тешнабехк а бина, инарле дӏабелла-кх…
– Гора, ӏаьлбаг-Хьаьжа боху лом, йаӏ! И цхьаъ ваьлла-кх, мостагІчун кхолха го а хадийна!
– Цо дуй ма биъна тӏамехь кара ца ваха!
– Лецначех хӏун хир ду-те?
– Шемал санна, Макка бохуьйтург хир бу-кх.
– Шемалан цхьа кӏант вайн паччахьан инарла ву ца боху?
– Важа туркойн паччахьан инарла ву. Цхьацца паччахьна вохкавелла ший а.
– Вай, мисканаша, цӏий ӏенадо, уьш а, и дӏо богӏурш а чинехь лакхабуьйлу.
Векъаначу стеган бӏаьргашца дӏахьаьжначу Берсина гира майдана богӏучу некъо гола туххучухула гучубевлла береш. Ул-уллохь, воьлуш къамел деш, хьалха вогӏура эла Эристов а, инарла Орца а. Цаьршинна тӏаьхьа вара майор Мустафинов Девлат-Мирза а, шелахойн йуьртда прапорщик Боьршиг а. Уьш цигахула гучубовлу тергалбеш ӏийча санна, маьждиг чуьра арататтабелира нах. Къехой, йуьстах а буьйлуш, цхьацца агӏор дӏахӏиттира, йуккъехула шуьйра некъ буьтуш, ткъа бакх-баккхий цӏейаххана нах а, гонахарчу йартийн совдегарийн лакхенаш