Іумма-Хьаьжа, цуьнан кӏант Дада, Залмин Дада, махкатӏхойн Тангӏай, тевзанхойн Лорса-Хьаьжа. Амма уггар коьрта мятежник Іаьлбаг-Хьаьжа ведда ваьлла. Маршонехь бу цуьнан дуккха а гӏоьнчий. Уьш маьрша а болуш, синтем хир бац Нохчийчохь. Уьш маьрша мел бу, биллина дӏа кхерам хир бу шун бахамашна, доьзалшна, синошна. Цуьнан локхалло областан начальнико уггар хьалха шуна, шелахошна, тӏеваийтина со, шух дагавала. Шу даим а ӏедална, цуьнан Воккхаллина Государь Императорна муьтӏахь, тешаме хилла дела. Аш хӏун олу, шелахой?
Хьалха могӏара хӏиттина нах ойла йеш ца ӏийра.
– Оха аьлларг хьалххе дуьйна ца хаьа цуьнан воккхаллина? – вистхилира Боьршиг. – Сийлахьчу паччахьна, цуьнан локхаллина областан начальникна, оха лоруш волчу хьуна луург дан гӏерташ, тхешан бахамех а, синойх а довла кийча ду тхо!
– Нийса боху Боьршига! Иштта дӏаала инарле!
– Тхан цӏарах кехат йазде паччахье!
Ӏаббалц нах маьхьарий хьекха а битина, йуха а къамел долийра Эристовс.
– Дика ду, шелахой. Шун дош тоьу суна. Суна хетарехь, гонахарчу йартийн векалш а хир бу кхузахь?
– Бу! Эвтархой, курчалой, эгӏашбатой, атагӏой а!
Дехьо Берсина гонаха лаьттачу нахана йукъахь резабоцуш гӏугӏ доладелира:
– Хьовсийша, кхин эхь а ца хеташ, цара дуьйцург!
– Массо а йарташкара схьагулйелла йеккъа цхьа тӏингарш йу-кх.
– Хьоло хьерабаьхна!
Чермоевн лере таьӏира Эристов.
– Дисинарг ахь аьлча бакъахьа ду, хьан локхалла.
Орцас, шен дуьзина, зоьртала дегӏ а нисдина, йовхарш тоьхна, аз тадира.
– Хӏан-хӏа, нах, – дийкира цуьнан гӏоргӏа аз, – эло Эристовс дийцинчух шу кхетта, моьтту суна. Вайнехан кица ду, муьлхха а дов, толам, цхьаннах цӏий а оьхуш, вукхунна шура а йогӏуш дерзац бохуш. Наха цӏий а ӏенош, шайна шура йан луурш а бу вайна йукъахь. Иза а хир дац. Дера, туркошца тӏаме а ма бахана вайнах. Дийнна полк. Цигахь цара даккхий хьуьнарш а ма гайтина. Кхузахь Нохчмахкахь а, Чӏебарлахь а даьржина зуламан ун хӏаллакдеш дакъалаьцнарш а ма бу. Уггар хьалха шун шелахой а, гонахара йарташ а. Амма дукхахболчара моттаргӏанаш а лелийна. Церан шалха цІоганаш дара. Цхьаъ – ӏедална, важа – Іаьлбагна лестош. Ишттаниш ший цІога а хадийна буьсурий-те? Хаа деза вайна,