хьалхарчу гильдин купец, ткъа сох европейски дешар дешна эпсар хилира. Йуьртан бежӏу хилла хьан да тӏом болчу хенахь паччахьан эскаршна вайн йарташка некъаш гойтуш хьалхаваьлла лийлира. Доцца аьлча, вайшиъ халкъан шина йамартхочун ши кӏант ву. Цундела вайшиннах эпсар вира. Шайн дай санна, йамарт стаг хир ву хӏара шиъ аьлла. Хьо хьайн ден новкъа воьду, ткъа со вахаваланц, Орца.
Орца гӏадвахана велавелира.
– Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу бохуш, хезний хьуна? Хьайн сонталло хӏаллаквина хьо. Ша тӏе хиъначу ворданан ден илли ала бохуш, кхин а цхьа кица ду вайнехан. Тхуна хиъна тхаьш тӏехевшинчу ворданан ден илли ала. Цундела тхоьгахь ӏедал а, ницкъ а бу…
– Шун карахь-м нӏаьвлан цІога а дацара, Орца, – куьг ластийра Берсас. – Шен халкъана йамарт хилларг мостагІчунна а ца веза. Шуна дуьхьал хаза хабар а дуьйцу, ткъа аш букъ берзийча, тӏаьхьа туйнаш а кхуьйсуш, кхардаме боьлу шух. Хӏун йу шу хьаькамашна хьалха? Лайш, йалхой! Царна ма хаьа шайн халкъана дуьхьал долчу аш хӏуъу а дийр дуйла. Чинаш, орденаш, алапаш, мехкаш-м, дера, ло шуна. ЖІаьлина кхуссу даьӏахк ма йу иза. Шуьга керт-ков ӏалашйайта. Шуьга шайн халкъана цергаш тийсийта. Текха чу мотт хьекха аш, мотт бетта аш! Аьтту а, аьрру а агӏор халкъ дохка аш! Амма, мел чуьрадевлла хьийзарх, «туземцаш» а хилла дуьсур ду-кх шу а, инарла Чермоев. Тахана вийлинарг кхана воьлху, тахана вилхинарг кхана воьлу. Дуьненан хӏума хийцалуш ма ду. Тхо доьлуш де а кхочур ду цкъа. Тӏаккха оха жоп доьхур ду шуьга, оцу лога тӏе пӏелг а таӀийна. Халкъо неӏалт кхайкхадо шуна. Ткъа халкъо кхайкхийна неӏалт хуьлу стагана. Кхин хӏун хаза лаьара хьуна соьгара?
Берсин багара схьа мел долу дош дагах чекхдуьйлуш, Іадийна, бага а гӏаттийна, оьгӏазваха ца кхеташ, къаьрззина цуьнга а хьоьжуш лаьттара Орца.
– Хьо вист ма ца хуьлу, Орца?
Орцин ши бӏаьрг керчира, дего доьлла бухара стомма балда, цергашца ӏаьвшина, кӏайдира цо.
– Хьо, цомгаш хиларна, вуьту ас, – элира Орцас эххар. – Амма, хаалахь, тӏехваьлча, хьайх къинхетам бийр боцийла. Велла ӏиллахь а, хьан дакъа тангӏалкхашна тӏе хьалаозор ду хьуна!
Инарлех цаваьшна Берса, ша-шех цецволуш, цхьа зевне велавелира. Цуьнан