парггӏат чам боккхуш. Дагна там беш, дайн хьацар туьйхира дегӏана. Берсина цамоьттучу тайпана сиха меттадогӏуш доллура дегІ. Товханний, пенаний йуккъехь долчу ӏуьргахула схьакъедира дехкан жима ира муцІар. ДІаса а хьаьжна, цкъа-шозза Берсина тӏе а богӏабелла, ара а баьлла, уллохьо беара иза. Цуьнга а хьаьжна, велакъежира Берса. ХІокху масех дийнахь гергарло тасаделлера цаьршиннан. Оцу сонехь цунна сискалан цуьргаш а, гӏабакхан хӏуш а латтадора Берсас.
Хӏокхушиннан самукъа йукъахдаьккхира арахь леттачу жӏаьло. Ша долийна гӏабакхан хӏу а дитина, бедда бахана, ӏуьрга иккхира дахка.
Неӏ шуьйрра схьа а йиллина, чувелира бӏаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах башлакх хьарчийна ӏаьлбаг.
ТІаьхьа чуваьллачу Болата шега дӏаийцира ӏаьлбага коьртах схьайаьстина башлакх а, верта а. Берсас а, ӏаьлбага а, чӏоггӏа куьйгаш а лаьцна, вовшийн мар-мара къевлира.
– ТІаккха, ӏаьлбаг, хьо схьакхечи? – элира Берсас, кхин хӏун хоттур а ца хиъна. – ДІайахал кетар, мачаш.
ГІовталца ваьлла ӏаьлбаг Берсина тӏаьххье маьнги йисте охьахиира.
– Схьакхечи со-м, Берса. Долош а хьоьгара долийра ас, хьоьгахула чекхдаккха а веана. Могашалла муха йу хьан?
– Вон йац. ЦІахь хӏун ду? Да-нана, вежарий?
– Дика Іа.
– Лецна-м бац уьш?
– Хӏан-хӏа. Цкъачунна ӏадбитина. Суна хетарехь, ӏедало оццул бехке ца бан а мега уьш.
– Хӏунда бах ахь?
– Башха могӏарчу бӏаьхойл тӏехбевлла, цара дина хӏума дац аьлла хета-кх.
– Иштта-м, дера, ду. Амма, хьан вежарий хиларна, таӏзар дан а мега.
– Ас, массаьрга санна, цаьрга а аьлла, со бехке а вай, кӏелхьардовла хьовса.
– Иза цара дийр дац. Хьан вежарий ма бу уьш.
– Цадарх, сан нисдала а дац хӏумма а.
– Болат, цӏахь муха ду?
– Вон дац.
– Маккхалгӏеран, Аьрзугӏеран, ӏелагӏеран доьзалш муха бохку?
– Могаш бу уьш-м. Айза йу шен кӏантах кхоьруш.
– Иза а вара шуьца?
– Хӏаъ.
– Жима вацара иза?
– Вуьрхӏитта шо кхаьчна цуьнан. Ахь-м и дуьйцу, Аьрзун важа шийтта шо дерг а хала сацийра оха-м.
– Хӏета, тӏаьхье ца йайна-кх Аьрзун а, ӏелин а.
Хӏорш хьал-де хаьттина а бовлале, довхха чӏепалгаш а, атарш чуйоьхкина далланаш а хьалхайехкира Зарас.
Хӏума а йиъна, тӏе довха чай а мелла, паргӏатбевлча, шен тӏаьххьара а леламаш бийцира Іаьлбага,