хӏаваэхь, бӏаьрг белла ца вуьтуш. Дарделла Яьсси гӏергӏа, хӏара тогӏи къарйина. Султӏис мохь бетташ ден доӏа тӏепаза дов оцу дорцалахь, гӏовгІанехь…
ЦІемза а, кхоьлина а йара и 1877-чу шеран ноябран ткъе ворхӏалгІа буьйса. ТІедан гӏерта Іа, дӏайала ца туьгу гуьйре.
Тховх хьалаоьллинчу шийтта номеран боккхачу чиркха кӏел шуьйрачу стоьла тӏе йуьхьарвахана болх беш воллу полковник Авалов. Коран неӏарш арахула тӏечІагӏйинехь а, царна йуккъехула чухьоькху мох. Халла хаалуш леста чиркх.
Леца а, мехкан губернешка ссылке бахийта а безачу нехан спискаш Іохку Аваловна хьалха. Ша-ша нехан а, доьзалийн а. Уьш-м аьхка дуьйна а кийча йара. Амма цул тӏаьхьа йаьллачу хено кхин керланиш йукъабалийна. Къаьсттина дукха бу Зандакъара, Симсарара, Бенара, Махкатӏера, Дишний-Веданера, Хоттанера, Тевзанера, Элистанжара нах. Аьккхара, Салатавера, Аргунски округера кхалхочу нахаца гӏуллакх дац Аваловн. Уьш Батьяновн а, Лохвицкийн а кочахь бу. Йоккхачу а, Жимачу а Нохчийчуьрчу ткъе бархӏ йуьртара нах а бу леца а, кхалхо а кечбина. Мятежехь дакъалацарна. Цаьрца дерг а полковнико Эристовс дийр ду.
Спискаш кийча йу, амма царна тӏехь билгалбина берриг а нах-м бац ӏедалан карахь. Ах тӏебаьхкина, ах хӏинца а хьаннашкахь лечкъаш лела. Амма беха лелар бац. ТІедогӏуш ӏа ду, борз санна, буьрса. Машаречу хенахь Іай лула-кула хьошалгӏа боьлхуш тӏедуха барзакъ а ца хуьлучу нахе садетталур дац хьаннашкахь. Шелбелча, мацбелча, йарташка гӏоьртур бу. Ткъа эло Аваловс хӏор а йуьртахь къайлах айкхаш кечбина. Мятежникаша дӏа мел боккху ког сема тергалбан.
1859-чу шарахь цергаш йаьхнера нохчийн. Хӏара хӏинца йохка гӏоьртинарш шолгӏа йевлла цергаш йара. Кхозлагӏа уьш йовлуш а ца хуьлу. Доцца аьлча, ӏедало гайтина шен ницкъ а, къизалла а. Къармазениш берриг а, махках баьхна, империн уггар генарчу шийлачу меттигашка дӏахьовсор бу. Цигахь цхьаберш мацалла а, шелонна а, цамгарех а лийр бу, дийна бисинчийн гӏуллакх Делан карахь хир ду…
Мятежникийн тхьамданаш берриг а схьалецна, ӏаьлбаг а, Солтмурд а, Сулиман а воцург. Ведда Турце вахана тӏаьхьара шиъ а кхераме хуьлучура дӏаваьлла. Іаьлбаган вежарий а карахь бу, цхьа