полковникан лазутчикех а вацара иза. Дегӏ дуьйлина, хьешана тӏера бӏаьрг дӏа ца боккхуш, сема лаьттара подпоручик.
– Ассалам ӏалайкум, буьйса дика хуьлда хьан, полковник! – элира хьешо, Авалов цхьана минотана вист ца хуьлуш соцунгӏа хилча.
– Ва ӏалайкум салам! Марша вогӏийла хьо. Бехк ма биллалахь, суна вовзац хьо.
Стага бӏаьрг туьйхира стоьла уллохь даьсса лаьттачу гӏанте.
– Шайн къоман гӏиллакхех боьхна-те гуьржийн элий? – ши бӏаьрг белабелира цуьнан.
– Хӏунда хоьтту ахь?
– Хьаша охьа а ца хаош, мила ву а, гӏуллакх а хоьттуш, керла гӏиллакх маца кхолладелла-те лаьмнашкахь?
Авалов вуьйхира.
– Уггар хьалха, со паччахьан эскаран эпсар ву, – бехказвала гӏоьртира иза.
– Хӏета, могӏарчу ламанхочул ах сов лакхара хила хьакъ ду хьан гӏиллакх а, оьздангалла а.
– Амма нехан хӏусаме вогӏучу ламанхочун йуьхь а хила йеза йиллина!
– Хӏара лачкъо дезар сан бехкенна дац, – башлакх дӏа а йаьстина, хуцӏара букъа тӏехьа тесира хьешо.
– Іаьлбаг!
– Хӏаъа, со ву хӏара, эла Авалу.
Цхьа бӏаьрнегӏар тухучу йукъана Аваловн ши бӏаьрг хьешан карарчу тоьпана тӏехӏоьттира, амма иза ӏаьлбагах къайла ца делира.
– Сан герз кхераме дац, полковник. Амма ас, цкъачунна, хьоьга дӏа ца ло хӏара.
– Охьахаа, ӏаьлбаг.
Чухула дӏаса а хьаьжна, шен карара топ неӏаран соне хӏоттийра ӏаьлбага, тӏаккха шен боьхачу мачашка а, тӏедачу чоэ а бӏаьрг туьйхира.
– Хӏумма а дац, охьахаа, – велакъежира Авалов. – Ас хӏинцца чай доуьйту хьуна.
– Ца оьшу, полковник. Хьалха цкъа гӏуллакхах дерг дуьйцур вай. ТІаккха, нагахь барт хилахь, чай а мер ду.
– Йуха а – ламанхойн гӏиллакх!
– Хӏун дийр ду ткъа. Лаьмнийн гӏиллакхаш дӏадевллачу дийнахь чекхйевр йу вайн оьздангалла а, къонахалла а. Пурстоп Пруссаков кхузахь ву бохуш, хезна суна. Иза а, хьайна хетачех кхин цхьа-ши эпсар а схьакхайкхахьа.
Аваловн дог сихделла тохаделира. «ӏедалан караван воллу-те хӏара? Ма доккха хӏума ду-кх хӏара, бакъ хилахь!»
– Хьуна мила кхайкха лаьара?
– Хаац. Суна хьой, Пруссаковвий бен вовзац. Дош – дош долуш, харцо а йийрйоцурш балабехьа.
Авалов аравелира, ӏаьлбаг подпоручикца ша чохь а витина. Чухула дӏасахьаьжначу ӏаьлбаган бӏаьргаш дуьхьал пенаца кхозучу императоран