(Абросимовн йозанаш)
Къийса ницкъ боцуш висинчу дий-
нахь сан валар хуьлда.
Ф. Энгельс
Грозный, 9-гӏа март, 1878-гӏа шо.
Адамашка цхьа бохам беача, карзахдолу Іалам а. Сел къизачу адамашна хьакъдоллу таӏзар кхачарна доккхаде а, хаац, иза, йа, бехк-гуьнахь доцчарна кхаьчна бала ца лабелла, царах дог лезна, орцахдаьлла тийжа а, хаац.
Март беттан хӏара хьалхара кӏира дукхе-дукха хаза, декхна дара. Гӏалин йистошкахь, некъашца кондаршна бухахь лаьттах хьалакъеддера бецийн зӀийдигаш. Цхьаццанхьа карадора хьалхе кхуьу зезагаш а. Бӏаьсте тӏекхаьчна йаьлла моьттуш, йалташ дӏадерна кечлуш бара йарташкахь. Олхазарш а гора шайн баннашна цхьацца гӏирсаш идош. Гӏалахой а буьйлура урамашка бӏаьстенан духарца.
Сийсара а йара буьйса йекхна. Куьйга дӏасакхуьйсуш даржийча санна, стигал къарзйина седарчий, царна йуккъехула, меллаша нека деш, малхбузехьа текха керла бутт.
Амма тахана ӏуьйранна сатоссучу хенахь цӏеххьана хийцаделира ӏалам. Гӏалина тӏекхозайелира, даш санна, йазйелла дорцан ӏаьржа мархаш. Сийначу дахкаро дӏахьулбина Суьйра-Корта. Дохк меллаша текхара гӏалин гаттийчу урамашкахула. Тӏаккха шийла мох белира, тӏаьххье лайн чимаш хьийза девлира. Хӏаваэхь ловзуш, пелдуьйлуш, лаьтта оьгу уьш, сихха дешаш, довра. ДІадаханчу кӏиранах ӏовдаделлачу урамашкахь йуха а хатт белира.
Ӏуьйранна йалх сахьт даьлча, адамийн татолаш дуьйладелира Грозный-гӏалин малхбалехьа йисте. Цигахь бахархошна бежан хьаьрма хилла лаьттачу арахь керла хӏоттийна кхойтта тангӏалкх а, цхьа гӏант а ду. Царна гонах ха деш лаьтта полицейскийш.
Цхьа сахьт далале, и йоккха майда йузу адамо. Кхуза гулбелла гӏалахой, гонахарчу нохчийн йарташкарий, гӏалгӏазкхийн станицашкарий бахархой.
Тахана кхузахь кхочушйийр йу гӏовттамхойн куьйгалхошна тӏехь тӏеман-аренан суьдо йина кхел.
Хӏумма а чолхе ца хилира суьдан процесс. Суьдан председатель, сагатлуш, наггахь бага а гӏаттош, ӏара. Бехкебечара шаьш а ца даьккхира гӏуллакх чолхе. Цара, дӏаса а ца хьийзош, доцца жоьпаш лора шайга дечу хаттаршна. Уггар хьалха ӏаьлбаг левира.