Ирхъохка кхел хилла тутмакхаш, шайн цӏераш йахаре а ца хьуьйсуш, гӏант мукъа ма-деллинехь, тӏаьхьабуьсучеран мара а лелхаш, цхьацца воьдуш, тангӏалкхашна тӏевоьдура. Цхьаннен а йуьхьа тӏехь кхеравалар а, вохар а ца гора. Цхьаммо а кхин дош а ца элира, веккъа цхьа Къосам воцчо, гӏанта тӏе а хӏоьттина, тобанна йукъа бӏаьрг тоьхча, цӏеххьана йуьхь йекхайелира цуьнан. Схьахетарехь, ваша йа доттагӏ гинера цунна.
– Ва Оьздамар! – кхайкхира иза мохь тоьхна. – Ладогӏал сан весете! Хьо вайн йуьрта йухавоьрзуш, динара ма воссалахь! Тхойшинна тезет, белхар ма хӏоттадайталахь. Сан ненан дола делахь, иза дукха йехар йац. Сан герз ӏалашделахь, кӏант воккхахилча, цуьнга дӏалолахь…
Чалтачо ког тоьхна бухара гӏант дӏа а кхоьссина, йукъахдаьккхира Къосаман весет.
Ӏедална моьттура, и ирхъухкурш, тӏаьххьара минот тӏехӏоьттича, кхерабелла, боьхна, дохкобевлла, дехаршка бевр бу. Хьалха ирхъоьллинчу кхаамма хаийтира иза аьттехьа а доцийла. Мелхо а, оцу кӏеззигчу ханна шайн лаамехь битинчу цара, кхуза гулделлачу дуккха а адамашна хьалха майралла, къонахалла гайтина ца ӏаш, шайн къамелашкахь мелла а ӏорадаьккхира ӏедал.
Тӏаьхьабисинчаьрга и тайпа къамелаш ца дайта, хӏинца муш коча ма-бахханехь, царна кӏелхьара гӏанташ дӏадаха долийра. И гӏуллакх доггах кхочушдора шина чалтачо. Схьахетарехь, и шиъ кхеравеллера шаьшшиъ шайн декхарш кхочуш ца деш висарна. ТІаккха, хьалхалерра бехк тӏехь а битина, и шиъ йуха а набахте кхосса ма тарлора. Амма масех стеган аьтто белира, цаьршиннан куьг тӏекхачале, шайна кӏелхьара гӏанташ дӏакхийса.
Къеначара жим-жиманиг хьалхаволуьйтура. Уьш, шайл тІаьхьабисча, бохарна кхоьру хир бара уьш. Къосамна тӏаьхьа вахара цуьнан доттагӏ Нурхьаьжа. Тӏаккха рогӏехь Залмин Дада, Герин Аьрса-Хьаьжа, Пиркъин Янгӏулби, Апин Митӏа, Пхьагин Хьуьси-Хьаьжа, Гӏайтин Куркъо, Пишин Гӏубха, тӏаьххьара а – Тангӏатаран Тозуркъа.
Кхел кхочушйина йаьлча, гонаха ха а хӏоттийна, набахте йухабигира каторгехь йаккха ткъаткъа шераш хенаш тоьхна Яхьсин Ханбетар, Аммин Хьусайн, Мохьмадан Гӏезанур, Ишин Бугӏа, Ших-ӏелин Шихмирза а.
Тӏаккха кхузара дӏасасихделира адам а.