ас а доггах. – Цӏахь ӏе. Болат къона ву, цӏа вогӏур ву.
Дешин бӏаьргех мела хиш хьаьлхира.
– Хӏан-хӏа, – сацамболлуш корта ластийра цо. – Цул, хьайна хала дацахь, и кехат дӏалохьа инарле. Дала йал йоцуш вуьтур вац хьо…
Хих буьзна дехаре хьоьжучу къоначу зудчун бӏаьргаша дог дашийра сан. ХІокхеран гӏуллакхе а ца хьожуш, дӏагӏойла дацара. Дӏагӏоьртича, гӏо дан ницкъ а бацара. Инарлина Свистуновна тӏекхача хала ма ду. Дежурни эпсаре йа адъютанте дӏаделча а, цхьанхьа кхоьссина лаьттар ма ду хӏара кехат. Цкъа-шозза цхьаьнакхетар бен, кхин йукъаметтигаш а ма йац сан инарлица. Тӏе, церан башха безам а ма бац со санначу йаздархошка.
Къар а ца велла, Свистуновна тӏекхечира со.
– Рогӏера туземни декабристка! – кхардаме мерах шок туьйхира цо. – КІордийна, хьех чекхбевлла суна уьш.
ТІаккха, къолам схьа а эцна, Дешин дехаран кехатан лакхарчу аьтту маьӏига тӏе даьржинчу хотӏаца масех дош йаздира: «Майрачуьнца цхьаьна гаупвахте чуйоллар хьехо а ца оьшу. Иза каторге дӏавахийтича, цунна тӏаьхьайахарна дуьхьал вац».
…Соьга ладоьгӏуш кетӏахь лаьтта Деши, хьаьдда дуьхьал а йеана, хӏиттинчу бӏаьргашца суна тӏейогӏайелира.
– Гӏуллакх хилац, Деши, – элира ас, лаьттан бӏаьра а вогӏавелла. – Бакъо лац…
Деши хецайелла йилхира.
– Ма йелха, Деши. Цхьа-ши шо даьлча, цӏа вогӏур ву Болат. Хьо йелхарх, къахета стаг ма вац. Сатоха, собаре хила, – зудчун догъэца гӏоьртира со.
Ткъа сан сайн къамкъарге а гуллуш бара хораман шад… Хӏун дийр дара ас? Дан гӏо дацара оцу мискачу зудчунна. Амма ас ойла йийриг и цхьаъ хилла ца ӏара. Уьш масех эзар бара. Жоьра бисинарш, байлахь бисинарш. Генарчу цабевзачу махка Іожаллина тӏе дӏахьийсораш.
Ӏумар ца вилхира. Атталла йуьхь а ца чӏачкъийра цо. Бӏаьргаш а ца тӏунбелира цуьнан. Мелхо а, йуьхь йогура. Хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Цуьнан оьгӏазе ши бӏаьрг гӏопал чоьхьа лаьттачу тӏекӏелдинчу даккхийчу цӏеношна тӏебоьгӏна бара.
Цуьнан хьажаро тоьшалла дора къийсам чекхбаьлла цахиларна.
Хӏинца рагӏ оцу къоначаьргахь йара…