цхьаьнгге а, Къайсар воцчуьнга. Хӏолламийн кешнашкахь со цуьнга хьоьжуш хир вуйла хаийта. Таьлсаш чохь кхалла хӏумма а ца йисина хьан?
Таьлсаш охьа а хӏиттийна, цхьана агӏон чу куьг дахийтина, Мохьмада йекъа йеттинчу сискалан йоккха йуьхк схьайаьккхира. Йуха, цкъа-шозза чу куьг дахийтина, кӏолдан мижарг а, шиъ хох а схьабаьккхира цо.
– Хӏай, баркалла, Дала дукхавахавойла хьо! Сагӏа хуьлда хьан хӏорш! Хӏан, вало, ӏаьрчхе кхаччалц со а вогӏу хьоьца. Таьлсаш соьга а лой, бугӏа хьалхалалла.
Кхин хеттарш ца деш, паргӏат шена делла хох-сискал дууш, ӏаьрчхе дӏавеара и тамашийна стаг. Цигахь хӏара шиъ дӏасакъаста гӏерташ воллуш, лакха тӏера схьа мохь хезира.
– Ва-а-а, Мохьмад!
Цавевзарг Мохьмаде хьаьжира.
– Соьга кхойкху иза.
– Иза мила ву?
– Тхан ден вешин кӏант.
– Вистхила тӏаккха.
Мохьмада, кийра буьззина чу хӀо а оьзна, логан массо пха а бусийна, мохь туьйхира:
– Ва-а-а вай!
– Хьо мичахь ву?
– Кхузахь Іина чохь.
Цавевзачо, букъа тӏе куьг тоьхна, хьалхатеттира Мохьмад.
– Же, дӏавало. Варийлахь, вайшиннан барт ма бохабелахь. Со хӏолламийн кешнашкахь хир ву, алалахь. Хьайга белла мотт ма байъалахь.
Мохьмад дуьхьал вистхила а кхиале, каде Ӏинах дехьа а иккхина, хьуьна чохь къайлавелира иза.
Оцу суьйранна тӏаьхьо шен кха тӏера цӏа веана Къайсар, маьркӏажан ламаз дина, Маккас шена хьалха йиллина сискаллий, муьста бераммий диъна, кетӏа велира.
Маьждиган майданахь гуш адамаш дацара тховса. Хӏара санна, тӏаьхьа балхара цӏа бирзина, чубоьлла хир бара-кх берриг а. ЦІа верза ца лиъна, Болатгӏаьргахьа дӏаволавелира Къайсар. Тховса Васал ган а дезара цуьнан. Канцелярина уллохула тӏехволуш, корехь серло гина, соцунгӏа хилира иза. Кертах тесна говр йара тӏа детташ лаьтташ. Къайсарна йевзира ЧІонакъин говр. Ша волччохь айъвелла, корах чухьаьжча, цунна гира стоьлана цхьацца агӏор дуьхь-дуьхьал хиъна ӏен Хортӏий, ЧІонакъий. Шена дуьхьал вирзина ӏачу Хортӏин йуьхь кхоьлина хийтира Къайсарна. Куьйгаш дӏаса а туьйсуш, ши бӏаьрг Чӏонакъина тӏе а боьгӏна, лохха къамел дора цо. Тӏаккха, аьтту куьйган цхьацца пӏелг чу а саттош, цхьаъ-м дагардеш, шен къамелхо кхето гӏертара.
Іелагӏеран кетӏахула